ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан даржехь ша бинчу белхан жамIаш дина Кадыровс


Нохчийчоь -- "Чаборз М-3" багги-машен гойтуш дакъалоцуш ву Кадыров Рамзан. Гуьмсе, Чиллан-бутт 26, 2019
Нохчийчоь -- "Чаборз М-3" багги-машен гойтуш дакъалоцуш ву Кадыров Рамзан. Гуьмсе, Чиллан-бутт 26, 2019

Терроризмана тIехь толам баккхар бахьана долуш Нохчийн Республика Оьрсийчохь уггар кхерамазалла йолчу регионех цхьаъ хилла дIахIоьттина, яздина шен Telegram-чу агIонехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

12 шо даьлла, боху цо ша парламенто республикан президентан даржехь тIечIагIвина. Цу хенан чохь шаьш "дуьненаюкъара терроризм хӀаллакйина, белхан къолла мосуьйттоза лахйина, миллиардашкахь инвестицеш тIеозийна, индустрина а, юьртабахаман комплексна а кхиаран некъ белла, бизнесан оьшу хьелаш кхоьллина, керла дахар делла дешарна а, могашалла ларъярна а, яздина Кадыровс.

Цо чIагIдарехь, иза кхин дIа а болх бан дагахь ву республикехь, иза кхиош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG