Бехкаш тIера а даьхна, катоьхна набахтера араваккха веза оьрсийн Iедалхоша Соьлжа-ГIаларчу "Меморилан" офисан куьйгалхо Титиев Аюб аьлла, дIахьедар дина ООН-ан адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан эксперташа.
Маршо Радионо ма-яздарра, байначу беттан 21-чохь дирзи Титиевн довхаттар. Карара бут чекхбалале кхелахоша дIакхайкхор бу шаьш бакъонашларъярхочун хьокъехь бина сацам.
"Тхо саготта ду политикан бух тIехь иза лацарна. Цо беш болчу бакъонашларъяран белхаца доьзна ду цуьнан лацар", - аьлла ду ООН-ан Кхеташонан сайтехь зорбане даьккхина дIахьедар.
Нохчийчуьрчу бакъонашларъярхошна Iаткъам беш хиларх резолюци тIеийцира Европан парламенто байначу беттан 14-чу дийнахь. Документ тIехь къастийна хьахийна дара, Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" офисан куьйгалхочунна Титиев Аюбна дуьхьал айдина гIуллакх.
Ишта, дIахьедарехь тидаме эцнера Нохчийчуьрчу даржхоша бакъонашларъярхойн болх емалбеш хилар а. "Махкахошна тIаьхьадевлла лелар а дитий, бакъонашларъярхошна а, церан доьзалшна а, коллегашна а, агIончашна а, церан организацешна а тIаьхь ницкъбар" сацаде аьлла, кхайкхамбинера Оьрсийчоьнан Iедалшка Европарламенто, Титиев Аюб маса маьршаваккхар тIе а дожош.
Стохка Дечкен-баттахь дуьйна лаьцна латтош ву Титиев Аюб, наркотикаш яьхна цуьнгара аьлла, бехке а вина. Бакъонашларъярхочо ша а, цуьнан накъосташа а наркотикаш полисхоша цунна кхийсина лору. Цо бен болх бахьана долуш, политикан бух тIехь долийна хета царна Титиевна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх.