ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамерко Iаьрбийн пачхьалкхашкахь лохур ду Кадыровн ахча


Резолюцехь хьахийна ю Эмираташ а, СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкх а

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Конгрессан Векалаллин чоьнан арахьарчу гIуллакхашкахула комитето еарин дийнахь къобулйина "Немцов Борис вер хьокъехь жоьпе а, бакъ-кхиэле а кхайкхар" цIе йолу резолюци.

Цу тIехь, кхечуьнца цхьаьна, Iамеркан Iедалш декхарелахь деш ду Iаьрбийн пачхьалкхашкахь Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан активаш лаха. Резолюцин текст коьртачу декъана евзаш яра Чиллан-беттан 27-чу дийнахь дуьйна. Цу тIехь цхьацца хийцамаш бина, Нью-Джерси штатан цIарх конгрессмен-демократо Малиновский Тома кечбина.

Малиновский ву хьалха Human Rights Watch бакъонашларйон вовшахтохараллан куьйгаллан декъашхо а, президентан Обама Баракан администрацехь Iамеркан пачхьалкхан секретаран адамийн бакъонашкахула гIонча а хилла. Малиновскийс хьалхатеттина пачхьалкхан секретаре а, финансийн министре а дехар къобулдина комитето.

Резолюцица а догIуш, цу шиммо оьушрг дерриг а дан деза Оьрчийчоьнан территорина арахьа, Кадыров Рамзана а, цо урхалла дечу институташа а финансашца доьзна лелийнарг талла. Резолюцехь хьахийна ю ши пачхьалкх - Цхьаьнатоьхна Iаьрбийн Эмираташ а, СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкх а. Цу документан чулацамца а догIуш, билгалдаккха дезаш ду, Кадыровна дуьхьал кхайкхийна сакцеш йохийна меттигаш ю-яц бохург.

Нохчийчоьнан куьйгалхо 2017-чу шарахь юкъатуьйхира Iамеркан финансийн министралло, Магнитскийн низамца а догIуш, Iамерко санкцеш кхайкхийначу нахана. Уьш хьакхалуш яра Кадыровн бизнесах а, цуьнан Iамерке ваха болчу аьттонах а.

Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министралло санкцеш кхайкхош билгалдаьккхинера Нохчийчоьнан лидер жоьпаллехь хилар адамаш дайарна а, царна тIехь Iазап латторна а, кхин йолу а адамийн бакъонаш йохорна а.

ХIинца Векалалан чоьно тIеэцур йолчу резолюцехь аьлла ду, Кадыровс "хила ма везза патриот ву" ву бохуш Немцов верна чувоьллина волу Дадаев Заур хестийна хилар а, ткъа вийнарг (Немцов) "Оьрсийчоьнан мостагI ву" аьлла эшнаш вина а хилар а.

Иштта, резолюцехь хьахийначу нахана юкъатоьхна ву Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутат Делимханов Адам а. Оьрсийчуьрчу бакъонашларъярхоша а, журналисташа а бехке вора иза, кIоршаме адамийн бакъонаш йохорна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG