ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абдурахманов: Бехкзуламан гIуллакх дIакъовларх суна хууш хIуммаъ а дац


Блогерна Абдурахманов Тумсона дуьхьал айдина бехкзуламан гIуллакх дIакъовларх Инстаграмерчу онлайн-эфирехь парламентан спикеро Даудов Мохьмада хаамбира, бинчу сацамах документ а гойтуш. Блогеро талламчашкара шега кехат- тоьшалла кхаьчна дац аьлла оцу хьокъехь.

Маршо Радионо яздира, масех телеграм-канало, шайлахь "CHECHNYA" а, "Спросите у Расула" а йолуш, зорбане даккхарх, талламчас Арсакаевс куьйгъяздина кехат аьлла. Цу тIехь яздора, блогер Абдурахманов Тумсо Шемахь тIеман дакъошца хиларх объективе тоьшаллаш дац, оцу хьесапца цунна дуьхьал айдина гIуллакх дижийтина аьлла.

Талламчас М. Арсакаевс куьйгъяздина кехатан копи Дечкен-баттахь Абдурахмановга а, Заводской кIоштан прокуроре а дIакхачийна аьлла ду кехат тIехь.

документан копи
документан копи

"Суна дуьхьал даьккхина гIуллакх сацийна, документан копи прокуратуре а яхьийтина бохуш, дIахьедо Даудовс. Амма соьга кхаьчна дац официалехь цу кепара кехат. Социалан машанехь кехат гар доцург, суна хууш хIума дац", -аьлла блогеро Абдурахмановс.

Цунна дуьхьал гIуллакх дIакъовларх хаам бац Нохчийчоьнан прокуратуран а, Талламан Комитетан а сайташ тIехь а, я Даудовн Инстаграмерчу пена тIехь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG