ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даудовс чIир йоькхур ю, йа яц?


Блогерна Абдурахманов Тумсона чIир кхайкхийна Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада. Кадыров Ахьмад-хьаьжех ша ца веша, иза къоман ямартхо лору ша аьлла, Абдурахмановс дIахьедар дича, цунна жоп луш, чIир кхайкхийра спикеро. Оцу сохьта, официалехь сихха дIакхайкхийра Соьлжа-ГIалано: цо чIир хьахийна а яц аьлла.

Даудовс бекхам бийриг хиларх динчу дIахьедарна комментари йина Кремло а цхьана. Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс боху: "ЧIир кхайкхоран ламаст бакъонийн пачхьалкхехь лелаш дац, цундела дуьйцийла дац цунах. Низамаш лелачу пачхьалкхехь дехаш ма ду вай", - аьлла.

Федералан Iедалхоша цу кепара йина реакци бахьана долуш, Даудовс кхерамаш тийсина боцуш санна, кеп хIоттийна Соьлжа-ГIалахь а. Нохчийн Iедалхой а, социалан машанашкара церан ресурсаш а шайн ма хуьллу ешархо тило хьиза. Кадыровн пропагандхоша бахарехь, оьрсийн маттахь "кровная месть" - "чIир" бохург Даудовн багара даьлла а дац.

Дика хир дара, гочдечара хуъушехь харцхьадаьккхина цо аьлларг бохучу Кадыров Рамзанан пресс-секретарна Каримов Iаьлвина, блогеран а, спикеран а хиллачу къамелан йоллу версига ладоьгIча.

Хьаькамо чIир кхайкхийначу видеон хIу дайа гIертачу Iедалхоша, массанхьара а дIайойуш яра эфиран видеош. Цуьнан метта хеда а деш, кхи дакъош хIиттадора. Ткъа цу тIехь чIирх дош а дац хазош.

Интернетехь ларамза йисинчу видеон 16 минот 30-чу секунда яьллачу хенахь Даудовс къаьсташ олу "чIир" боху дош. Ша аьлларг бIостане дуйла хиинчул тIаьхьа, 19-чу минотехь туьйсу кхерамаш мел а кIадбан гIерта спикер: "Хьо вен гIерташ дац тхо" а олуш.

21-чу минотехь Тумсога "хьо шайтIа ду" олу Даудовс (радикалан хьежамаш болчех олу кадыровхоша "шайтIа"), ма хетта гена а яц Полша аьлла, къедораш а еш.

Гочдаран халонаш

Кадыровн гочдархой юьстахбовла гIерта, спикеран багах даьллачу, цхьаъ бен кхи маьIна доцчу "чIир" бохучу дашна. Масала, Мациевс хIоттийна, 1961-чу шарахь Москвахь арахецначу нохчийн-оьрсийн меттанийн дошаман 547-чу агIон тIехь далийна "чIир" дешан маьIна.

Ишта, Соьлжа-ГIалахь Исмаилов Абус вовшахтоьхначу "Дош" дошамехь а "чIир" – "кровная месть" аьлла гочдина ду.

Изза маьIна ду оцу дешан, 1962-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь арахецначу гIалгIайн-нохчийн дошамехь а цхьана. Цундела, оцу дошамаша а тIечIагIдо, гочдархоша харцхьадаьхна спикеран дешнаш бохуш, кадыровхоша дуьйцург бакъ ца хилар.

Ала догIу, Даудовс бекхам бийр бу бохуш, ден дIахьедарш цхьа бух болуш, шениг хьалхадаккхархьама аьлла ду, хIунда аьлча, Абдурахманов цуьнан чIирхо ца хуьлу.

Iедалхой оппозицин блогерца Абдурахманов Тумсоца диалог дIаяхьа гIерта, царна хетарехь, "нохчийн къоман имидж цо талхош хиларна".

Карладоккху, кхоазза тховкIело яла дуьхьало йина Полшано блогерна Тумсона. Цо бахарехь, шайн пачхьалкхна цуьнгахьара кхерам го Полшин Iедалхошна. Делахь а, мухIажирийн гIуллакхашкахула йолчу кхеташоно тIеэцна цуьнан доьзал.

Текстан автор Саидов Тимур

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG