Росстато дийцарехь, Оьрсийчохь 2018-чу шарахь алсамдаьлла, Iедалан тергонехь а боцуш, болх бечу бахархойн терахь. Иштта 2017-чу шарахь шаьш-шайна болх беш бечу бахархойн дакъа дара 19,8% (14,3 млн стаг). 2018-чу шарахь и гайтам бу 20,1% берриг а болх бечу бахархойх -- 14,6 млн гергга стаг.
Уггар лакхара гайтам бу цу хьокъехь Нохчийчохь. Берриг а цу республикехь болх бийраш схьаэцча, шаьш-шайна болх беш бу 64% бахархой. Луларчу Дагестанехь, масала, и терахь ду 52%, ГIалгIайчохь – 48%.