ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мализаев Минкаилан зудчо ша цуьнан долара яьлла боху


Мализаев Минкаил
Мализаев Минкаил

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна жигара критика ярца гоьваьллачу, Германехь вехачу Мализаев Минкаилан хIусамнанас видео дIаязйина, шен цIийнден долара йолуш. "Кавказский узел" агенталло хаттам бинчу бахархошна хетарехь, Мализаев сийсазвархьама бертаза байтина кхайкхам бу иза.

"Мализаев зудчо Минкаил витина" аьлла, видеоролик яьржина YouTube каналехь. Ша Исраилова Луиза ю, МализаевгIаьргахь марехь хилла а ю ша аьлла, доладо зудчо шен къамел.

"Пхи-ялх шо хьалха Германи дIадахара тхо. Цигахь волавелира иза даьса къамелаш деш, видеош яха. ХIетахь ас дехар дира цуьнга, дита и хIумнаш аьлла... ТIаккха витира ас иза, со йита доьналла ца тоьира цуьнан. Шо сов зама ю берашца со сайн ден цIахь ехаш йолу. Хетарехь, тахана а и видеош яржор ца дитина цо. Нахана юкъадовла юьхь яц сан а, йа берийн а. Амма кхи дIа йолчу ханна сан гIуллакх догIуш нах бац уьш (МализаевгIар)", - аьлла, дерзадо Луизас шен къамел.

"Кавсказский узел" агенталло зийра оцу хьокъехь бахархошна хетарг. Цхьаболчарна хетарехь, тIеIаткъамбина, дIаязъяйтина ю видео, Мализаев аьшнашвархьама.

Вукхара емалйо хIусамнана, цо нохчийн ламасташ дохийна бохуш.

КIезиг бац, Мализаев Минкаилна бехкаш дохкурш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG