ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн къома дуьхьал йолийна дискриминаци сацае аьлла, митинг дIаяьхьна Европерчу гIалгIаша


Европехь гIалгIаша хIоттийна митинг
Европехь гIалгIаша хIоттийна митинг

Европан шина шахьарахь шоьтадийнахь митингаш дIаяьхьна цигахь бехачу гIалгIаша, Нохчийчоьнца дозанаш хийцарна дуьхьал шаьш дуй хоуьйтуш. БIе гергга стаг гулвеллера Хельсинкерчу Оьрсийчоьнан векалтна хьлха а, Брюсселерчу Шуманан майданахь а. ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнга Евкуров Юнус-Беке дарж дитар а, керла харжамаш дIабахьар а тIедожийра гулбеллачара.

Ишта жигархоша кхайкхамбина Оьрсийчоьнан Iедале, ГIалгIайчуьрчу оппозицин жигархошна тIаьхьабевлла лелар а сацаде аьлла. Евкуровс тIеэца баьхна, референдумах низам юхадаккха бохуш, кхайкхамбира протестхоша. Жигархошна хетарехь, оцу низамо бакъо лур ю Iедалхошна дозанаш а, республикан статус а халкъаца дага а ца бовлуш, хийца.

"Кавказ.Реалии" портале митингхоша бинчу хаамца, Хельсинкерчу оьрсийн векалто тергамза йитина кхеран акци. Делахь а, шина а Европехь хIоттийначу митингехь шайн тIедилларш билгалдаьхна хIоттийна резолюци векалтийн почтан яьшкаш чу тийсина протестхоша, цундела уьш догйовха бу, Оьрсийчоьнан Iедалшка шайн кхайкхам дIакхачор бу аьлла.

Билгалдоккху, Брюсселерчу акци баьхкинера Францера а, Голландера а, Грецира а, Германера а, Австрера а гIалгIай. Гергарчу хенахь Германехь а, Швецехь цу кепара митингаш хIитто Iалашо ю церан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG