Дуьненаюкъарчу могушалла Iалашъяран организацино (ВОЗ) хааме даьккхина, Ливин шахьарахь Триполехь 220 стаг вийна, 1066 вахархочунна чевнаш йина аьлла. "Байинчу маьршачу бахархошна юкъахь лоьраш а, зударий а, бераш а ду", - яздина организацино шен Твиттерехь.
Карладоккху, кху беттан 4-чохь фельдмаршало Хафтар Халифа куьйгалла а деш, Ливин къоман эскар Триполи йолчу агIор дIатаьIира. Цигахь куп тоьхна бара пачхьалкхан малхбузе шайн куьйгакIел латто къаьмнийн бертан Iедалхой.
ООН-ан Инарла секретаро масийттазза кхайкхамбира, Ливера тIемаш совцабе аьлла.
ООН-ан Кхерамзаллан Кхеташонан аьтто ца белира кху беттан 18-чохь хиллачу консультацешкахь Ливерчу хьолах хIоттийначу резолюцин проект йовзийта. ТААС агенталлан хьосташа хаамбира, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа документ къобал ца дира, ишта масех пачхьалкхан делегацино консультацеш дIаяхьа кхи а хан ехна аьлла.