Гуьржийчуьрчу ПIаьнгазан чIожахь ток йоккху станцеш яхкар сацо гIертачу меттигерчу бахархойн полисхошца кIирандийнахь хиллачу тасадаларшкахь лазийна 20 сов стаг. Керла гидроэлекторостанцеш (ГЭС) яхкаро цигарчу экологина а, юьртабахамна а, туризм кхиарна а зен дийр ду бохуш, ПIаьнгазара нохчий дуьхьал бара гIишлошъяран болх болабайта. Iедалхоша дIахьединера, белхаш боло инвестор хIоьттинчу компанин карахь бакъо ю аьлла.
Нохчийн Дуиси эвларчу бахархоша станцеш яхка билгалъяьккхинчу меттигна блок тоьхнера. Полицина а, протестхошна а юкъахь тасадаларш хиллера, бахархоша тIулгаш, чхьонкарш, йогучу кочаллех дуьзна шишанаш тIелестадора, ткъа чоьхьарчу гIуллакхийн министралло резинан хIоьънаш а, бIаьргаш Iовжон газ а хецнера дуьхьал.
Чоьхьарчу гIуллакхийн министр Гахария Георгий кхаьчначул тIаьхьа ситуаци жимма лахъелира. Журналисташка дIахьедора цхьаболчу бахархоша, нохчийн ярташ хи доцуш юьтур ю ток йоккхучу станцеша, цундела ГЭС ца юьллуьйтуш, шаьш дала реза ду бохуш.