2030-гIа шо карадале Амстердаман Iедалхойн Iалашо ю, бензинца а, дизелца а лелош йолу муьлхха а машен, мотоцикл а хехкар дехка. Оцу некъашца гонахара хьал бехдарца къийсам латто дагахь ю мэри. Амстердамехь а, Роттердамехь а автомобилаш дукха хиларца Нидерландашкара хIаваъ бехдар лакхарчу барамехь ду, яздо Reuters агенталло. Электрикан а, водородан а машенаш лелор доьхкур яц Амстердамехь.
2005-гIа шо дале арахецна, дизел тIехь йолу машенаш юкъарйохур ю гIалин Iедалша 2020-чу шарахь. Бахархой цIена машенаш лело марзбархьама, царна билгалйохур ю паркинган меттигаш а, ишта кхи долу субсидеш а кхачор ду.
Цу кепара сацам тIеэцнера Парижан урхалхоша 2017-чу шарахь. Экологица йолчу цIенчу машенашка ерза Iалашо ю Францин 2040-гIа шо кхачале.
Статистикан зерашца, Францин 66 миллион вахархочунна 32 миллион машен кхачайо тахана. Оцу юкъанна дукхахболчу Парижан бахархоша машенаш ца лелайо, царна гIоле хета юкъарчу транспортца дIасалелар.
ТIаьххьарчу хенахь юкъадаьлла Парижехь йолах ханна лело машен эцар.
Оцу юкъанна, Францин провинцера дукхахболу бахархой реза бац машенех къаста, цара емалдо Iедал, цара тIаьххьарчу шерашкахь 20 шо хьалха арахецначу машенаш тIехь гIали чу ца витарна.