ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинан Лакхарчу кхело тховкIело ца ло Бельтоевна


Украинерчу миграцин хьукматна дуьхьал Лакхарчу кхеле даьккхинчу гIуллакхехь эшна Ханты-Мансийскехь вехаш хилла 26 шо долу Бельтоев Ислам. Vayfond-о бина цунах хаам. Жимчу стага дийцарехь, миграцин белхахой болчу шен мухIажиран статусах кехатан хан дIаяхъяйта ваханчу заманчохь хиъна цунна Лакхарчу кхелан сацамах.

"Дуьхьалбевлира уьш сан хан яхъян, хIунда аьлча. Лакхарчу кхело дуьхьало йинера", - дуьйцу Бельтоевс.

Украинан территори тIехь ваха елла хан чекхъяьлла цуьнан кху беттан 12-чохь дуьйна. "Право на захист" цIе йолчу гIоьналлин фондан векало Красник Станислава билгалдоккху, кхи цкъа а миграцин урхалле дехар дан Бельтоевн бакъо хиларх.

Кехаташ юха а чудаларан бахьана ду – цуьнан доьзална а, гергарчарна а дуьххьара дехар чуделлачул тIаьхьа кхерамаш беш, царна тIеIаткъам латтош хилар. Бельтоев зIене ваьлла оцу фондца, кхи цкъа а кехаташ кечдан Iалашонца. Ткъа юристаш цуьнца кху беттан 20-чохь бен цхьанакхета кийча бац. Оцу бахьанца дийнна кIиранчохь бакъо а йоцуш хан йоккхуш хуьлу Украинехь Бельтоев.

Интерполе лехаме велла 26 шо долу Бельтоев Ислам лецира Украинан дозанхоша Борисполь кеманийн портехь кхушеран Дечкен-баттахь. Иза цига кхаьчнера, Истанбулехь кема а хийцина, Бангкокера Киеве вогIуш.

Ханты-Мансийскан автономан гонехь йолчу Мегион гIалахь вехаш хилла Бельтоев Интерполо лоьхучу нахана юкъатоьхна хилла, Оьрсийчоьнан ФСБ-н дехарца, иза бакъонца йоцучу тIеман тобанан декъашхо хилла аьлла.

2013-чу шарахь дуьйнна шен доьзалца махкал араваьлла Бельтоев ваьхна Туркойчохь а, Мисарахь а. Цигахь Iамийна цо Iарбийн мотт а, динан Iилма а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG