ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамерко санкцеш кхайкхийна "Патриотна" а, цуьнан эскархошна а


Висмурадов Абузайд.
Висмурадов Абузайд.

Iамеркан финансийн министралло "Магнитскийн низам кхочушдеш санкцеш кхайкхийна Висмурадов Абузайдна а (вуьшта йоккху цIе "Патриот"), Росгвардин Нохчийчуьрчу урхаллан СОБР "Терек" олучу тIеман декъехь гIуллакх дечу эскархошна а. Царна бехке дуьллуш ду республикехь ЛГБТ-н юкъараллан декъашхойн бакъонаш талхор.

Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцийн тохаршна кIелвахана "Север" батальонан командиран когаметта хилла Геремеев Руслан а. Иза декъах хилла лоруш ву Оьрсийчуьра оппозицин политик Немцов Борис верна.

Цу хьокъехь бина сацам Iамеркан финансийн министраллан сайта тIехь арабаларца Кадыров Рамзана жоп делира сихха. "Нагахь Iамеркехь лаккхарчу тIегIантIехь "Терекан" а, командиран Висмурадов Абузайдан а хаттарш дийцаре деш делахь, иза кхоччуш тоьшалла ду Iамерка тхохкхоьруш хилар - йоккхачу Iамеркана вуно гена йолчу жимачу Нохчийчоьнах", - яздина цо.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен комментарехь доьху, ерриг а шен тоба санкцийн тептарна юкъатохар. Инстаграмехь видеон ролик арахецна цо. Цу тIехь шена кхайкхийначу санкцех воьлуш ву Висмурадов.

"Нохчийчуьрчу СОБР "Терек" эскаран тобанна Iамерко санкцеш кхайкхоро гойтуш ду я дуьненаюкъара контртерроран цхьаьнакъахьер халчу даккха лаам хилар, я кхерам хилар цу тобан Арктикехь тIом бан йолчу таронех", - аьлла ду Вашингтонерчу Оьрсийчоьнан векалалло динчу дIахьедарехь.

Висмурадов гIоьртира шена санкцеш кхайкхор аьшнаш дар санна тIеэца. "ХIун эр ду ас… Нагахь и тептар Iамеркан мостагIех лаьтташ делахь, ас сийлахь лору со цу юкъахь хилар", аьлла цо.

Къилбаседа Кавказехула экспертана Соколов Денисана хетарехь, Iамеркан Iедалша динарг "нисса дIа цхьа а чулацам боцуш ду". Иза лара мегар ду, санкеш ловш берш а, цара лелориг а Iамеркахоша шаьш тIе муха оьцу гайтар санна. Цул сов, санкцеш кхайкхор маркер ю оцу нахаца а, юкъараллашца а цхьа а гIуллакхаш лело мегар дац ала.

Human Rights Watch тобанан программин директорна Локшина Татьянина хетарехь, санкцеш кхайкхор мехала ду, символан ишар санна. Иза адамийн бакъонаш талхочу стагана тIе мухIар таIор ду, массарна иза гойтуш долу.

2014-чу шарахь Iамеркан Iедалша санкцеш кхайкхийра Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутатна Делимханов Адамна, иза "Вежарийн го" криминалан тобанца уьйраш йолуш хила мега аьлла шеко йолуш.

Оццу 2014-чу шарахь Дечкен-баттахь санкцеш юкъаехира чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан куьйгалхочун когаметтана Алаудинов Аптина а, Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочун Даудов Мохьмадна а.

Магнитскийн актехула Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дуьхьал санкцеш ехира 2017-чу шарахь Дечкен-баттахь. Цул сов, иза юкъахь ву Iамеркан а, Европан а санкцийн тайп-тайпанчу тептаршна.

ТIаьхьо Iамеркан тептарна юкъатуьйхира чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Устрада-гIаларчу декъан хьаьким хилла Катаев Аюб. Иза а жоьпехь винера Нохчийчохь ЛГБТ-н юкъараллан декъашхойн бакъонаш талхорна. Кхушара Стигалкъекъа-баттахь хаам кхечира Iамеркахоша шайн махкахь ган лууш боцчу нахана юкъатоьхна аьлла Нохчийчуьрчу Iедалан куьйгалхо Хучиев Муслим.

РогIера санкцеш кхайкхийна Оьрсийчоьнан а, Iамеркан а юкъаметтигаш лортIе йогIуш ю аьлла хеталучу а, шина пачхьалкхан президенташ гергарчу хенахь цхьаьнакхета мега бохуш хьехочу а хенахь. Цо гойту цкъачунна Оьрсийчохь адамийн бакъонаш талхош хиларца доьзна хаттарш дийцаре ца деш Вашингтон дита лууш цахилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG