UFC латарехула турниран чемпион волчу Нурмагомедов Хьабибан менеджеро Абдель-Азиз Iелас дIахьедар дина, ша ца теша аьлла, Нохчийчохь ЛГБН-н юкъараллан декъашхой Кадыров Рамзанан лаамца хьийзош бу бохучух. Цунах лаьцна яздо "Чемпионат.com" сайто.
Цу хаттарна вевзаш волчу ММА латарехула менеджеро жоп делла MMA Fighting ютуьб-канало деллачу хаттарна.
"Журналистийн Iедал ду совнахниг дуьйцуш. Суна цхьа а хIума ца хаьа Кадыровс муха тIеоьцу бохучух гейш я гейш боцурш. Сайна ца гиначух ца теша со", - аьлла Абдель-Азиза.
Нурмагомедовс шен рогIера латар дIахьур ду кхушара Гезгмашин-баттахь Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмиратийн коьртачу гIалахь Абу-Дабехь хир йолчу UFC 242 турнирехь.