Зорбанан гIирсаша дийцарехь, Оьрсийчоьнан Шемарчу тIеман полицино дIадаханчу кIиранах Алеппорчу дуьненаюкъарчу аэропортехь рейд йира, ГIажарийчоьно гIортор ечу гIаттамхошна дуьхьал, яздо "Iамеркан аз" портало. Цуьнан жамIашца а догIуш, полисхоша лецира маситта гIажаройн гIаттамхо. И хьал тида мегар ду ГIажарийчоьнан а, Оьрсийчоьнан а Шемарчу ницкъашна юкъахь гIоьртина хьалх хиларан кийсак санна.
"Оьрсийчоьнна а, ГIажарийчоьнна а Шемахь, бакъдолуш, гӀоьртина хьал хилар долуш ду", - боху Вашингтонерчу Гергарчу Малхбалера политикехула институтан Iилманан белхахочо ГIажарийчоьно гIортор ечу Шемара гIаттамхой шен тидамехь латточу Смит Филиппа.
"Гуш ду, цу тайпа рейдаш хуьлуш хилар гIоьртина хьал лаьттачу меттигашкахь, цигахь зуламхоша лелориг бахьана долуш. Цуьнца къийса гIерташ а хуьлу Iедалан ницкъаш", - боху цо.
Цу тайпа инциденташ хилла кху тIаьхьарчу шина шарахь ерриг а пачхьалкхехь. Меттигерчу хьасташа хаам барехь, дукха хан йоццуш Шеман тIеман ницкъийн ши тоба вовшахлеттера тайп-тайпанчу мехкан кIоштахь.
Тергамхошна хетарехь, Iедал къийсар доьзна ду Шеман тIеман лидершна юкъахь цакхетамаш хилар бахьана долуш. Царах цхьаберш Оьрсийчоьнехьа бу, ткъа вуьйсуш бу муьтIахь ГIажарийчоьнна.
"Суна хетарехь, берриг а къийсам боьзна бу бахамах муьлхачу декъана хьа Iуналла дийр ду бохучуьнца. Амма, суна хетарехь, цо баккъалла а тасадаларш хуьлуйтур ду бохург дац иза", - боху Смита.
Эксперташна хетарехь, Оьрсийчоьнан а, Г1ажарийчоьнан а Шемара стратегин накъосталла лекха ду цу тайпачу цакхетамел а, къасттина Оьрсийчоьнна Шемара территорина Iуналла дан гIажаройн ницкъаш оьшуш хилар а тидаме эцча.
"Цкъа а тешар яц со, Оьрсийчоь ГIажарийчоьнах кIаьcтар ю бохучух, - дуьйцу Оьрсийчоьнан Гергарчу Малхбалера политика толлучу Демократи ларъярехула Европерчу фондан Iилманан белхахочо Борщевская Аннас.
"Церан юкъаметтигаш, шеко а йоцуш, чолхе ю. Амма и шиъ цхьаьнатухург ду Iамеркана дуьхьал хилар а, цу регионехь Iамерко Iаткъам бар лахдан лаам хилар а".
Шемара Оьрсийчоьнан а, ГIажарийчоьнан а эскарш карарчу хенахь алссам терроритореш шайн карахь латтош ду, ткъа ши а агIо экономикан аьттонаш лоьхуш ю хIинца цу пачхьалкхехь аьлла хета цхьаболчу аналитикашна.
"Цу шина пачхьалкхана юкъахь цкъа а ца хилла тахана йолу санна гамонаш", - боху тIеман экономикан структура толлучу Шемарчу экономисто ХIемо Джована.
Ши а пачхьалкх экономикан агIор еххачу ханна Шема шен караэца лууш ю, хIунда аьлча тIом боьдуш цу шина пачхьалкхо кредиташ делла хиларна Шемарчу режимна, элира ХIемос, "Iамеркан аз" порталана еллачу интервьюхь.
"Хета, цу тайпа къийсам Шемахь кхин дIа а хир бу аьлла, амма эххар а Оьрсийчоьна экономикан коьрте хилар тIедера ду", - тIетуьйхира цо.