ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трамп – Оьрсийчоьне, Шеме, ГIажарийчоьне: сацаде Идлибана бомбанаш еттар


Iамеркан президент Трамп Доналд.
Iамеркан президент Трамп Доналд.

Iамеркан президенто Трамп Доналда кхайкхам бина Оьрсийчоьнан а, Шеман а, ГIажарийчоьнан а Iедалшка, Идлиб провинцехь бомбанаш етташ маьрша бахархой байар сацаде аьлла.

"Оьрсийчоь а, Шема а, мелла а кIезиг ГIажарийчоь а Шемарчу Идлибана бомбанаш етташ ю, цхьа стаг а ца къастош, бехк боцу маьрша бахархой а бойуш. Дуьне хьоьжуш ду цу нах байаре. Iалашо хIун ю, хIун лур ду цо? Совца!", - яздина Iамеркан президенто Твиттерерчу шен агIонехь.

Идлиб провинци ю Туркойчоьнан дозанца. Иза тIаьххьара меттиг ю Шеман президент Асад Башар даржах вохо гIерттачу гIаттамхоша шайн карахь латтош ерг.

Syrian Observatory for Human Rights бакъонашларъярхойн вовшахтохаралло дIадаханчу кIиранах хаам бира, бомбанаш а йиттина, Идлибехь вийнарг 950 гергга маьрша стаг хиларх лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG