Зорба тоха
Адольф Гитлеран сийлахь къамел" аьлла, тIе йоза а хIоттош, "Вконтакте" машане видео йилларна 21 шо долчу жимчу стагна гIуда тоьхна БуьрийтIерачу Советан кIоштан кхело.
Нацистийн васташ а, хIетахьлерчу пачхьалкхан битамаш а бу видеоца, хаамбина "Кавказ.Реалиига" полицин урхаллера.
"Нацизмна прогаганда яр я цуьнан васташ, битамаш баржор" цIе йолчу административан кодексан артиклца а догIуш тоьхна гIуда. Бакъду, дуьххьара даьлла жимчу стагера и тайпа гIалат, цундела дукха дац охьадилла деза ахча а – 1000 сом.