ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь 8 шо хан кхайкхийна Шемара цIа йирзинчу зудчунна


8 шо хан кхайкхийна 2013-чу шарахь шен хIусамдеца Шема дIаяхана хиллачу Дагестанерчу яхархочунна. Амирханова Эльмира бехке йина низамашца йоьцучу тIеман тобан декъашхо хиларна. Кхело оцу хьокъехь сацам бина хилла Стигалкъекъа-баттахь, амма цунах лаьцна шотдийнахь хаам бина "Коммерсанто", яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

Амирханова къера хилла ша бехке хиларна. Цо ша дохкояьлла боху ша лелийначун. Зудчо дийцарехь, иза ца вахийта гIиртина хилла шен хIусамда Шема, амма майра реза хилла зудчуьнан паспорт дIадала, нагахь цо бераш шега дIадигийтахь.

"Коммерсантехь" болчу хаамашца, Шемахь Амирханова кхача кебеш а, бахам лело гIо деш а хилла Iедалшна дуьхьал йолчу тобан тIемалошна. 2017-чу шарахь цуьнан майра вийна НАТО-н авиацино тохарш дича.

Оьрсийчу Амирханова юхайирзина 5-а берца. Царах цхьаъ Шемахь дина ду. Кхин цхьаъ ду цуьнан йоIан бер. Амирханован йоIан майра а вийна Шемахь.

Дагестанерчу кхело 12 шаранна тIаьхьатеттина Амирханована йина кхел, цуьнан жимаха волчу кIентан 14 шо кхаччалц аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG