Тбилисехь Iедална дуьхьал йолийна протесташ бахьана долуш Казахстанера схьабевллачу декъашхоша вовшахтоьхна оьрсийн А’Studio поп-группан концерт юкъахъяьккхина Гуьржийчохь аьлла, хаамбина "Аджарин телевизионе" концерт вовшахтоьхначара. Батумерчу UP2U клубехь концерт яла дезаш бара, шайлахь гуьржийн орамаш долу Топурия Кети а йолуш, тобан декъашхой. Церан концерте билеташ байначу баттахь дуьйна дохка долийнера.
Гуьржийчуьра схьаяьлла ю Топурия Кети. Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран агIонча лоруш ю иза. 2018-чу шарахь президентан харжамаш буьйлалучу юкъанна йиш дIаязйинера цо, клип а йоккхуш, Путинна пропаганда еш.
UP2U клубан долахочо Пиранишвили Ираклийс хаамбина журналисташка, "махкахь хIоьттина хьал бахьана долуш, концерт юкъахъяккха дийзира" шайн аьлла. Ишта цо билгалдаьккхина, эзар сов билет дохка а шаьш кхиина хилар.
Байначу беттан 20-чохь юьйлаелла Тбилисехь бахархойн протесташ. Оьрсийн депутат цига варца а, Гуьржийчоьнан спикеран гIант цо дIалацарца а доьзна меттахдаьллера адам. 200 сов стаг лазийра байначу беттан 21-чу дийнахь протестехь хиллачу тасадаларшкахь. Иттанашкахь дIалецира нах, амма тIаьхьо дIахийцира уьш а.
Iедалхоша кхочушбира гулбеллачийн лаамаш: дарж охьадиллира праламентан спикеро, харжамийн реформа а тIечIагIйира. Амма шен даржехь висира пачхьалкхан чоьхьарчу гIуллакхийн министр, цунна а дарж охьадиллар тIедожийна протестхоша.