Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира тIеман министран когаметта хIоттийна ГIалгIайчоьнан куьйгалхо хилла Евкуров Юнус-Бек, цунах инарла-лейтенант а веш, хаам бо РИА Новости агенталло.
Мангалан-беттан 26-хь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира указ тIеийцира Евкуров ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун даржера маьршавоккхуш. Цуьнан метта республикан ханна куьйгалхо хIоттийра Самаран кIоштахь Росприроднадзор урхаллан куьйгалхо хилла Калиматов Махьмуд-Iела.
Цхьаболчу хаамашца, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун даржера Евкуровс дIавала сацам бина Нохчийчоьнца административан доза билгалдаьккхинчул тIаьхьа цу республикехь дуьхьалонан акцеш хилар бахьана долуш. Цо хаам бира дарж дитарх лаьцна сацам бан хала дара шена аьлла. Евкуровна хетарехь, юкъараллин барт эгIарна жоьпаллехь хила деза Iедал.