Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран сий дойуш телеэфирехь къамел дина Гуьржийчуьра "Рустави 2" телеканалан журналист Габуния Георгий суьде озо веза аьлла, дIахьедар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо кхайкхам бина Гуьржийчоьнан Iедалшка, официалан кепара бехк цабиллар деха аьлла. Цунах лаьцна Кадыровс яздина Telegram-рчу шен агIонехь, хаам бо ТАСС агенталло.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо ша тешна ву, боху журналисто иза ша дагалаьцна дина ца хиларх. Цундела Гуьржийчоьнна дуьхьал луьра санкцеш кхайкхо еза, аьлла хета цунна.
"Каналан куьйгаллана ца хууш хуьлийла дац журналисто дагалаьцнарг. Цундела хилларг тида мегар ду, дикка план а хIоттийна, Гуьржийчоьно дIаяьхьна боьха акци санна, нагахь иза иштта ца хилар Iедалша ца гайтахь. Иза цара ца дахь кхо де даьллачул тIаьхьа дIакъовла деза Гуьржийчу доьлху а, Гуьржийчуьра арадовлу а дерриг а некъаш", - тIетоьхна Кадыровс.