ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Шен да ФСБ-но вийнийла хаьа Рамзанна". Кадыровн мостагIчуьнца дина къамел


Абдурахманов Тумсо
Абдурахманов Тумсо

"Ма хьекъал долуш стаг ву хьо, Тумсо. Ма дика эмир хир вара хьох!", "Iаламат доккха гIуллакх ду хьуна ахь дийриг. Дала могушалла латтайойла хьуна" – ишта комментареш юьту Абдурахманов Тумсон Youtube-каналан хьовсархоша. Масала, "Разговор с кадыровским лордом" ролике хьаьжна кхо миллион сов стаг. "Кавказский узел" агенталло шен сайтехь лерина агIо йиллина "Тумсо против кадыровцев" аьлла, ткъа Би-би-си-н оьрсийн сервисо репортаж кечйина "Один день с врагом Кадырова" аьлла.

Диъ шо хьалха Абдурахманов Тумсо цхьанна а вевзаш воцу Соьлжа-ГIаларчу "Электросвязь" компанин белхахо вара. Кхоллам хийцабелира цуьнан дагахь а доцуш, Нохчийчоьнан урхалхочун администрацин куьйгалхочуьнца Кадыров Исламца конфликт иккхинчул тIаьхьа. Ойла а йина, махках велира Тумсо. Юьхьанца Гуьржийчохь Iийра иза, тIаьхьо Полше дехьавелира.

Нохчийчохь долчу хьолах дуьйцу Абдурахмановн блог маса гоьелира. 2018-чу шарахь цуьнца телефонехула зIене велира нохчийн парламентан куьйгалхо Даудов Мохьмад (Лорд). Чиллан-баттахь дискусси хилира блогеран зорбан министрца Умаров Джамбулатца.

Ичкерин вахархо лору ша Абдурахманов Тумсос. Йийца могуьйтуш йоцу теманаш хьехайо цо - доккхачу декъанна, цкъа Нохчийчоьнан суверенитетехьа хилла, джихIад кхайкхийна, юха Оьрсийчоьнехьа ваьллачу Кадыров Рамзанан дех Кадыров Ахьмадах.

Журналистца Шевченко Максимца хиллачу къамелехь Кадыров Ахьмад ямартхо ву элира Тумсос. Цул тIаьхьа Даудов Мохьмада чIир кхайкхийра Тумсона, ткъа цуьнан 84 шо долчу девешига а, шина шичига, а иза шайн долара ваккхийтира, нагахь Тумсо цхьаммо вийна каравахь, шаьш бекхам бийр бац аьлла, тIе а лоцуьйтуш.

Шена цара цхьа тешнабехк барна кхоьруш, ларлуш лела декхаре ву Абдурахманов Тумсо. Полшано тховкIело елла цуьнан доьзална, ткъа ца ло мухIажиран статус шена Тумсона, "шайн пачхьалкхна кхераме ву" иза бохуш. Оцу дIахьедаран маьIнех ша кхеташ вац боху Тумсос. Шен ма хуьллу, кхелашка латкъамаш бо цо юх-юха, амма Оьрсийчоьне иза дIавала кхерам буьсуш бу.

Маршо Радиоца хиллачу интервьюхь Абдурахманов Тумсос дийцира шен блогех, Нохчийчуьрчу политикан репрессех, Советан заманахь леллачу Ленинан культца ша юстучу Кадыров Ахьмадан культах а.

– ХIоьттинчу хьолах а, Кадыровн режимах а хьовзам лайнарг ву хьо бохуш, вуьйцу хьо дукха хьолахь журналисташа, ткъа суна хетарехь, хьо турпалхо ву, цхьа инзаречу зуламна дуьхьал ваьлла. Хьуна хьайна муха го хьо: тIелатархо йа духьало латториг?

– Ларлуш верг ву со. Аьттехьа а ца хета суна со тIелатархо. Бакъду, цкъацкъа контратакаш йо аса, амма иза а долу соьгара царех суо ларвеш, дуьхьало ярхьама. Со царех Iалашвархьама декхаре хуьлу со ишта кепаш лело. Амма мухха делахь а, цигахь лелочу харцонах хьовзам баьлларг ву-кх со.

– Ахь дукха къамелаш мел до, кхерам совболу. Амма хIетте а майрра дIахьедарш до ахьа, хьайца компромиссе вала некъ ца буьтуш.

- Компромиссна некъ буьту аса, йа хадабо аьлла, хаттар суна хьалха цкъа а ца лаьттина. Оцу теманах со вистхила веза олий хуьлу сан ойла. Блогер хир ву аьлла цкъа а ойла хилла яцара сан. Цхьа а концепци а ца хIоттош, еккъа импровизаци ю хIара. Наггахь нисло сан юха-юха йоккхуш видео, цхьацца гIалаташ карийча, бакъду цхьа а планаш а, сценареш а яц сан. Цундела нислуш хир ю-кх сан роликаш хIума ма дарра гойтуш.

– Суна хетарехь, хьо блогер хилла а ца Iа. Ма дарра аьлча, политик а, кризисехь бакъонашларъярхо а ву-кх хьо! Хьоьгара орца оьшуш ма хуьлу нах.

– Суна ца лаьара со политик ву ала. Хьанна хаьа, хенан йохалла политике ван а там бу со, амма цкъачунна блогер ву со, ахь ма аллара, бакъонашларъярхо а ву, амма говзанча вац со. Шайн бакъонаш талхийча арздан меттиг бац нехан. Цундела соьца зIене буьйлу уьш инкогнито. ТIаьххьара яьккхина видео а цхьана ю соьгахь: цхьаъ дIавуьгуш хуьлу, йа лачкъаво, ткъа цуьнан доттагIий кийча хуьлу шайх лаьцна цо цигахь цхьаъ эр дуй, кхуллур дуй, тIаккха шаьш а тIеозор дуй. ТIаккха дIаязйой соьга видео йоуьйту цара шайн яххьаш а гойтуш: нагахь тхо дайахь, йа лецначуьра юха ца дахкийтахь – оха бакъо ло хьуна хIара видео Iораяккха олий. Цундела "политик" боху дош юкъара доккхур ду вай, суна сайна со хеташ ца хилча. Со блогер а ву, хила тарло бакъонашларъярхо а - иза нийса билгалдаьккхира ахьа.

– ТIаккха хьайх мостагI, йа Кадыровн коьрта мостагI аьлча муха тIеоьцу ахьа?

– Со кхета, со мостагI ву. Амма ца хаьа суна, коьрта мостагI ву со йа вац, хIора стеган бакъо ю шена ма хетта мах хадо. Амма и нийса ду- со цуьнан мостагI ву, иза сан мостагI ву. Муьлххачу а бакъахьарчу стеган мостагI ву-кх иза.

– Лорда хьайна чIир кхайкхор ю аьлла, дагахь а дарий хьан? Шок ярий иза хьуна?

– Шок яра аьлча а, дагахь доцург дар-кх. ЧIир цо кхайкхаяле хьалха, иллюзеш ярий сан хоьтту ахьа, со вуьйр вац цара, соьца нийсо лелор ю аьлла? Яцара дера. ЧIир кхайкхаяле хьалха дуьйна а хууш дара, доккхачу хазахетарца цара со вуьйр варий. ЧIир кхайкхо там бу аьлла, сан коьртехь а дацара, амма дагахь доццург дара иза.

– Хьан гергара нах маьждиге а балийна, бертаза хьо долара ваккхийтар – иза Нохчийчохь хила йиш йоцург ду?

– ТIаьххьарчу заманчохь Нохчийчохь и тайпаниг хилла дIахIоьттина хIума ду, муьлхха критика йинехь а, гергарчаьрга и стаг шайха дIахадавойту. Масех цу кепара хIума хилла ду цигахь. Блогеран Алихаджиевн гергарчаьрга а иза долара ваккхийтира. Цундела со башха цец ца велира.

– Дукха дуьйцу Нохчийчохь нах лецарх, байарх, гомосексуалех а, амма дIоггара шуьйра дуьйцуш дац кхийолчу репрессех. Масала, хьан видео тIехь хиъна суна, "ВКонтактерчу" шен пена тIеь Кадыровх лаьцна комментарий йитина аьлла вийначу хьехархочух Ежиев Хизарх лаьцна. Нохчашлахь муьлхачу нахана тIехь лелош ю харцонаш, де дийне чIагIлуш а юй уьш?

– ХIора шарахь нах хьийзор марсадолуш ду – и бакъ ду. ХIора гIуллакх ишта ирча хир ду аьлла итт шо хьалха тхуна моттане а ца моьттура. Iедалхошна критика йинчу муьлххачух а хьакхадала йиш ю церан таIзар.

Караладоккхур вай Инаева Iайшатах Iоттаделларг. Коммуналан ял схьагулъеш, цхьа рогIера тулгIе йолийра махкахь 2016-чу шарахь, хIетахь оьгIазъяхначохь Инаевас критика йинера Iедална. Оцу тIехула Кадыровс гечдар дехийтира цуьнга а, цуьнан хIусамдега а. Цул тIаьхьа йоккха делегаци яханера церан эвла, массарна а хьалха цуьнгара бехкаш а дохуш. Нохчийн могIарера зуда яра иза.

Стохка тIепаза вайра таIзарш кхочушдаран урхаллан (УФСИН) белхахо. Ткъа Дечкен-баттахь цуьнан дакъа дега-нене дIаделира, дIаволла аьлла. Пачхьалкхан структуран белхахочунна дуьхьал йина репресси ю иза. Цхьа а ца волу репрессех, муьлххачу даржехь хьо велахь а, ца волуьйту. Масала, цхьана Iедалан векалан ахь некъ хадабой, хьо бехказавуьйлуьйтур ву-кх, Красноярскера депутат а санна. Кхечу регионера стаг ву-кх иза. Дика, лерина болх беш ю репрессийн машен, цуьнца цкъачунна ларош стаг а вац.

– Вайначу иллиалархочун Бакаев Зеламхан истори дагаоьху суна…

​– Иза вийна хилар гуш ду-кх. Ма-дарра аьлча, Кадыровс мукIарло дира цунах, жоьпалла цуьнан гергарчарна тIе а тоттуш. Гей ву аьлла, бехкевинера иза. Германехь ву аьлла, цхьа буьйда ролик ян гIортира уьш, амма журналисташа дукха маса гучубехира церан аьшпаш. Дийна воцчух тера ду иза.

– Муха стаг ву эр дара ахь, хьайна чIир кхайкхийна Лорд?

– Шена Кадыровна а цхьана кхераме стаг ву иза. Цуьнгара шена кхерам хиларх Кадыров а тешна ву аьлла хета суна. Цкъа делахь, Ичкерин агIонча лаьттина стаг ву Даудов, цул тIаьхьа йийсаре лаьцна иза кадыровхоша. Ткъа цаьрга дехьаваьллачул тIаьхьа шеца Ичкерехь мел хилла нах дIабелла цо. Цо елла информаци бахьана долуш, цуьнан хилла накъостий байира. ТIаккха Оьрсийчоьнан Турпалхо аьлла, седа белира цунна. ХIетахь дуьйна Кадыровн Нохчийчохь карьерехь кхиамаш баха волавелира иза. Цхьана хенахь ямартваьлла ву иза кхечу нахана, Кадыровна дукха дика хаьа, аьтто балахь, цо шена а кIел ког тосур буйла.

Даудов хьекъал долуш ву, дерзийначу маьIнехь аьлча. Политикехь Кадыровл а хьекъале а, къиза а, кхераме а ву иза. Зеделларг а алсам ду цуьнан Кадыровнчул а. Мичча хенахь а Кремло хийца тарлуш ву Лорд Кадыровца. Цундела авторитет лакхара ю цуьнан Кадыровн иерархехь, и бахьана долуш Кадыровн метта хао а там бу иза.

Суна хетарехь, Кадыров кхеташ ву, цуьнгара шена ямартло хир юйла, цхьацца ойланаш коьртехь хир ю цуьнан, иза шена новкъара дIаваккха. Даудов Iаламат вон адам ду. Нахана юкъахь цхьаъ хуьлу иза, камераш дIаяьхча - кхи ву.

Даудов Мохьмад а, Кадыров Рамзан а
Даудов Мохьмад а, Кадыров Рамзан а

– Парламентан куьйгаллехь волчу стага дан йиш йоцу дIахьедарш хезадо до цо ишта а массарна а хезаш…ДагадогIий хьуна, жен жIаьла хоьцур ду ша оьрсийн оппозицина тIе цо аьлла? Дерриг а могуьйтуш ду цунна.

– Цкъачунна дерриг а могуьйтуш ду. Кадыровн паччахьаллехь волчу хьанна а могуьйтуш ду дерриг а. Кремлан пенаш бухахь Немцов вен а мега царна, Политковская а, Эстемирова а ен а мега царна..Могуьйтучарлахь цхьа Даудов хилла ца Iа.

– Логикехь бIостанехьа нисло хIара. Хетарехь, Кремле ладугIуш бац уьш, цундела Кремлан йиш яц Кадыров Даудовца хийца. Москвана шайн билламаш бу-кх Нохчийчоьно хьалхабохкуш.

– ХIан-хIа. Лард доцуш хьан кхоллаелла иллюзи ю иза. Кремлах боьзна бу и нах. Царех цхьахверг шайн хьаькамна Путинна хьалха нислахь, гуш хуьлу, уьш мел кхоьру. Оцу мIаьргонехь шайн яххьаш тIера туьтмIаьжгаш хуьйцу цара. Путинца кабинет чохь Кадыров нисвелча, кIоршамечу экханах жима кIеза хуьлу. Путина а, Матвиенкос а, Володина дакъалоцучу цхьанакхетарехь рапорт доьшуш ву Даудов. Легаш дакъаделлера цуьнан, воьхна. Путина тIе а вахна, иза меттавалош, цуьнан коьртах куьг хьакха лиира суна. Оцу суьрташа а гойту, и дерриге а иллюзи хилар. Дукха чIогIа боьзна бу уьш Кремлах, церан доллу Iедал а Кремлах лаьтташ ду. Кремло Кадыров-воккхахверг муха новкъара ваьккхира, иштта жимахверг а дIаваккха йиш йолуш ма бу уьш. Мичча хенахь а даржашкахь хуьйцур болуш нах бу уьш. Бакъду, дукха лерина ойла а йина, нах карзах ца бохуш дан дезаш хIума ду иза, цара дендерг а ду. Ишта Кремл дика кхеташ ю, нагахь тIехIоьттинчуьра ша дIаялахь, цара вовшийн хIаллакбийр буй а. Кадыровн вертикаль Путина латтош ю. Церан паччахьаллина чохь яккхий проблемаш ю, вовшийн бIаьрга бахка а ца беза уьш.

– Цуьнан да цара вийна боху ахь. Кадыров Ахьмадна дуьхьал теракт Москвано кечдина дара аьлла хета хьуна?

​– Кечдина, кхочуш а дина, дера дина! Дукха дика хаьа суна, Кремло бен Кадыров - воккхахверг минана тIе ца хаийний. Цхьана а агIор кхечо дан йиш йолуш хIума дацара иза. Цхьана а кепара аьтто бацара Басаев Шемалан Кадыровна буха мина йолла. Со Соьлжа-ГIалара ма ву, Кадыров эккхийтинчу оцу стадионна уллохь Iаш вара со. Дерриг а сан бIаьргашна хьалха хилла ду иза.

Суна дагадогIу, кхиазхо со волчу хенахь, доттагIашца цхьана футбол ловза цу стадионе оьхура со. Эккхийтар хилале ши бутт хьалха а дара тхо цига ловза доьлхуш, стадионна го лаьцначу оьрсийн эскарша совцийра тхо. ШолгIачу дийнахь юха а даха хьоьвсира тхо, оьрсийн салтий бара цигахь тIаккха а. Оцу дийнахь дуьйнна шина баттахь и объект оьрсийн эскаро шайгахь латтош яра, чу вуьтуш стаг а воцуш. Цигахь балхахь берш дукха лерина декъах хьоьвсина бен чекхбовлуьйтуш бацара. Оцу хиллачу хьелашкахь, Кадыров охьахуур волчу меттиге мина йолла цхьана а агIор аьтто бацара. Со цундела ца тешара, Басаевс шаьш вийна иза бохуш, дуьйцуш а. Со тешна ву, Басаевн политикан кеп яра иза, ахча далийта Iалашонца.

– Донецкан Халкъан Республикехь Захарченко а, кхиболу буьйранчаш а иштта новкъарабехира…

– Соьлжа-ГIалахь цхьа а шеконаш яц, Кадыров вийнарг Кремль хиларх. Нагахь санна, Басаевс цига цхьаъ йиллина хиллехьара, ах стадион хIаллакйина хир яра. 2004-чу шарахь республикан куьйгалхойн урхаллехь дина теракт дара хьуна Басаевс дина ала тарлуш. Ткъа стадионехь болх бинарш ФСБ-н профессионалаш бу.

– Нагахь санна, Соьлжа-ГIалахь ишта хьажам хилча, Рамзанна хеташ хир ду-кх ишта?

– Дукха дика хаьа цунна, тешна ву со. Лаа ма дацара эккхийтар хиллачу хенахь Кадыров Москвахь нисвалар а, цул тIаьхьа ах сахьт даьллачу заманчохь спортан духар а доьхна Кремлехь хилар а.

ХIахь, гIарадевллера и суьрташ…

​– Кхерамзаллан урхаллан куьйгалхо ма вара иза. Стигалкъекъа-беттан 9-чохь жоьпалле барам-парад дара хIоттош, ткъа хIара стенна воьду Москва? Шен да вийна бохуш, Кадыровс бехке ца веш мила витира…Президент лаьттина Алханов а вора цо бехке. Юха ЯмадаевгIеран вежаршна бехкаш дохкура.. Оцу дерригено а гойту, цунна хууш хилар, мила ву шен да вийнарг. Къоман мостагI цхьаннах ван лиъча: хьо ву сан да вийнарг олу цо. Да велла масех де даьллачул тIаьхьа цуьнан ваша валар а, наркотикийн барам совбаьлла хилла бохуш дуьйцу, суна хетарехь, цхьа бух боцуш дац.

– Ахь масийттазза аьлла, "Ахьмадан некъ" - Нохчийчохь керла дин ду, йа ленинизмах тера идеологи ю.

​– ЦIена бакъ ду иза. Ленинизм ю цара схьаэцнарг. Нохчийн маттахь арадолуш газет дара тхан "Ленинан некъ" цIе йолуш. Ткъа хIинца "Ахьмад-Хьаьжин некъ". Юьхьанца цхьа политикан идеологи санна долийра цара и, амма тIаьххьарчу хенахь, къаьсттина кху шарахь динан-политикан идеологи йина цунах. Иштта Iалашонца эвлаяийн тобанах дIатоха гIерта уьш Кадыров-воккхахверг. Жигара болх болийна цу тIехь Iеламчаша, хуьлийла иза муфтий, йа динан гIуллакхашкахула болчу гIоьнчаша…

"Шайхаллин дешнаш дитина цо", "хиндерг хууш хиллера иза", "нагахь цуьнан коша тIе а веана, цхьаммо Деле дехахь, Дала жоп лур ду" бохуш, даржадо. Дукха ца Iаш, Кадыров Ахьмадан кошах мавзолей йина гур ду вайна.

- Кадыров Ахьмадах лаьцна аьшне къамелаш дарна чIир ма хьайина хьоьга…

- Сийсазе цхьа а дош дац сан къамелехь, стага лелориг дуьйцуш ву со, иза аьшнашвеш дац сан къамел. Шевченкоца сайн хиллачу къамелехь ас аьлла, Кадыров -воккхахверг нохчийн къоман ямартхо ву аьлла. "1999-чу шарахь мила вара Кадыров Ахьмад?" аьлла, Шевченкос деллачу хаттарна жоп дара и сан. "Хьо цуьнан иэс аьшнашдеш ву", - элира соьга Шевченкос. "Со ца веша цуьнан иэсах"- аьлла ас. Стаг сийсазвар дац иза. Стаг сийсазвар ду – Кадыровс со къотIалгIа вина ву бахар. Оцу дIахьедаро аьшнашво со а, сан нана а, сан доьзал а. Ткъа ас дуьйцург Кадыров Ахьмадан лелар а, цуьнгара дийлинарг а ду.

Тахана кхаьрца хилла иза, кхана кхечаьргахьа а ваьлла, селханна шеца хиллачаьрца къийсам латтош вара. Цунах олу ямартло а, ямартхо а. ХIаъ, дика ду, ца оьшу суна тIетан, суна дуьхьал яха тарло контраргументаш а, амма чIир кхайкхоран бахьанаш кхи ду, сонталла ю иза. И ду и стеган шена хетарг дIаала йиш цахилар, оцу республикехь иза вехаш вацахь а. Вуон хIуманаш ду цигахь хуьлурш.

– ГIалгIайчоьнан куьйгалхо хийцина. Дарж охьадилина Евкуровс. Стенца доьзна ду иза аьлла хета хьуна - Нохчийчоьнца дозанаш къасторца дуй?

– Суна хетарехь, ситуацица ца ларийна Евкуров, йоккха гIовгIа иккхинера оцу тIехула. Ишта менеджер ца тов Кремлна. Тапъаьлла тийна хилар ду Кремлна оьшург. Нахана тIехь Iазапаш лелор а, нах байар а гIоле хета, митингаш, протесташ хуьлучул а. Айхьа ойла ехьа: йоьдуш цигахь митинг ю, хIора сахьатехь ФСБ-но чулуш информаци ю хиллачух, оцо Iедал дуьйлина латтадо. Цу кепара, ситуаци ерзо хууш воцу сардал оьшуш вац царна. Кадыров санна, шен къам хIаллакдан ца лиира Евкуровна, тIаккха хийцина иза. ГIалгIайчоьнан бахархошна и хийцам гIоле бу аьлла ца хета суна. ХIинца гIадбахна уьш, тIаьхьо Евкуров гIоле хиллийла хуур ду.

– Нохчийчохь бахархошлахь дуй-те цхьа къайлах дуладелла хьал, йа Москван ахчано ситуаци контролехь латтош ю-те?

– Нохчийчохь социалан буламна бухахь нах латториг – Iазап ду. Кадыровна луш долчу ахчанах бахархошна кхочуш хIуммаъ дац. Мелхо а, халкъана деш ду къола, оцу къоланах Кадыровс йоллу шен тIемалойн тоба Дубай садаIа юьгу. Дийнна шарахь латтош вилла ю царна цигахь.

Бюджетна къола до бохург хIун ду аьлча, нахера ахча ду схьадоккхуш. Министраллашна, кеп-кепарчу урхаллашна бюджетера ахча кхачадо, ткъа и ахча Кадыровн кисана кхочу. Ахча схьаоьцуш дийнна программа, фейкан контракташ ду…Цундела, ахчано сецош цхьа а вац. Кадыровс латтош долчу Iазапах гIатта кхоьру адам. ТIепаза дов адамаш, тIаккха церан декъий схьадохьу, бакъо ца ло и декъий динехь ма хьоьхху латте кховдо а. Делла жIала санна, буьйсанна дIаволла деза вийнарг. Оцо сецадо адамаш. Нах кхоьру дела.

–Хьуна тIелатар дан гIоьртирий? Дуьхь-дуьхьал генара кхийсарш яр доцург, кхи кIелоян гIиртиний хьуна?

– ХIан-хIа, ца гIиртина. Социалан машанашкахь кеп-кепара кхерамаш тийсар доцург, кIелоян гIоьртина бац.

– Ас къамел динчу баккхийчу нохчийн эмигранташа хьо - тIаьхьенан аз ду боху. Нохчийн кегийрхойн дог-ойла йовзуьйтург ву аьлла, хетий хьуна хьо?

​– ХIаъ,и бакъ ду. Сан коьрта аудитори – кегийрхой бу, кхиазхойн хенара 40 шаре кхаччалц болу. Бакъду, нахана ца хуург хIуммаъ а дац аса дуьйцург, цхьа наггахь хуьлург доцург. Ас дIакхайкхориг массарна хууш, церан ала йиш йоцург ду. ДIаалахь, Ежиев Хизирх хилларг хир ду царех а. Ас массеран а цIарах дуьйцу, нахана тов, шайн дагахьдерг ас хозуьйтуш. Со царех дика кхета.

Кхо-диъ шо хьалха со а ма вара церан метта, Соьлжа-ГIалахь волчу хенахь. ХIетахь Европехь цхьаммо шен ойла йовзийтича, айса и аьлча санна воккхавоьра со. Цундела со дика кхета, со вистхилча, церан дагахь долчух.

– Къеначу оппозицин диаспорца уьйраш юй хьан? Масала, "Кавказ-центр" ечаьрца?

​– "Имарат Кавказ" кхоьллинчарех бу уьш, суна интересе яц и тема. Царна юьстах ву со. Дудаев, цул тIаьхьа Масхадов куьйгаллехь волчу заманахь хилла нах бу - Закаев, Идигов. Цхьаболчаьрца цхьатерра хьежамаш бу тхан, амма дукха хьолахь зIенаш ца лелайо. Наггахь соьгара бехкаш доху цара. Ас цкъачунна царна жоьпаш ца ло, хIунда аьлча, тхуна тахана оьшуш дац барт эгIар. Замано, суна хетарехь, шен-шен меттиге дерриг а дIанисдийр ду.

- Дудаев ЖовхIаран кIантаца хьан хиллачу и​нтересе къамеле ладуьйгIира ас.

– Воккха гений вара Дудаев ЖовхIар. ХIинца Кадыровн пропагандано лидерш лаьттинчийн доьзалшца харцо лелайо – Дудаевн а, Масхадовн а доьзалашца. Бух а болуш бехкево хьоло вукъийна веха Кадыров, къоман а, Оьрсийчоьнан а ахча дууш ву бохуш. Оццу бехкала бахка гIерта уьш даим а Дудаевн а, Масхадовн а бераш, цара лечкъийна ахча бохуш. "Къу лаца" бохуш, мохь оьху къуьнан шен. Европан цхьахйолчу пачхьалкхехь мухIажирш хилла беха тахана Дудаевн доьзал, церан яц дуккха а миллионашкахь мах болу говраш. Пачхьалкхан белхахочунна Кадыровна стенгара долу ахча спортан клубаш а, таксопарк а, дуьненахь а уггар а дезачех кема а латто?

– Ишта болх беш ю Москван пропаганда а, уьш даим а оппозиционераш бехкебан гIерта сутараллехь.

– Кадыровн пропагандех дуьйцучу хенахь, ас къастош яц иза Кремлан пропагандех. Цхьа Iедал ма ду иза, цхьа методика а йолуш, цхьана схемаца болхбеш. Цхьа тенденци ю, дукха хан ю ас цуьнан терго йина, Нохчийчоьнна тIехь Кремло лелош ерг цхьа ноу-хау ю. Нохчийчоьнна тIехь зен а зуьйш, цул тIаьхьа йоллу Оьрсийчохь яржайо цара и. Кремлан полигон ю Нохчийчоь карарчу хенахь: нагахь цигахь чекхдалахь, Оьрсийчохь а дер ду.

– Нохчийчуьра ситуаци ерзар муха го хьуна?

- 1997-чу шарахь Оьрсийчоьнна а, Ичкерина а юкъахь Масхадовс а. Ельцина а куьйгаш яздеш, бинчу маьршачу берте юхадахар – и ду-кх аьхна гIуллакх дерзар. Оцу бертах пайда а оьцуш, доллу эскар чуьра ара а даьккхина, регион маьрша йитар. Дукха дика доьрзур дара хьал и дича, амма ишта кхочушхир ду ала кIезиг бу тешам.

- Ткъа хьайн истори муха ерза лаьара хьуна? Полшано статус ца елла хьуна. ХIун дан дагахь ву хьо? Кхечу пачхьалкхе дехьавала ойла-м яц?

– Цхьа а таро яц сан кхечанхьа дIаваха, сайн ма хуьллу тховкIело яккха хьожур ву со. Амма, халахеташ делахь а, цкъачунна дикачу агIор цу хьокъехь ала хIуммаъ дац сан.

– Кадыровс тIеIаткъамбарца, цара бина сацам бу аьлла, дага а догIий хьуна?

– Кадыровн тIегIанехь луьсту хаттар дац иза, оьрсийн къайлахчу сервисийн бехкана ду. Суна хетарехь, Полшин Iедалхошца юкъарлонаш ду Оьрсийчоьнан. Со кхеташ вац, стенна бехкевеш ву со, цундела суна хала ду йа комментари ян а, йа ларвала а. Амма гуш ду, оьрсийн ФСБ-но харц информаци елла кхаьрга, хала хеташ делахь а. Полшин къайлаха сервисаш тешна царех. Суна хаа-м лаьара, хIун бехк бу сайга кхийдориг.

– Кхелан оцу сацамна латкъамбан бакъо юй хьан?

– Апелляци яла кеп-кепара инстанцеш ю сан. ТховкIело яларх долу хаттар Полшин Лаккхарчу кхелехь ду, ткъа цуьнан аналог Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхелехь ю. Депортацин гIуллакх шолгIачу инстанцехь толлуш ду - кхечу пачхьалкхийн бахархойн гIуллакхашкахула йолу урхалла ю иза.

– Аьлча а, хьуна хIинцца депортаци йийр ю ала дац-кх?

– Шайн пачхьалкхна хьо кхераме ву аьлла, мухIар таIийнехь, бакъонан барамаш лоьруш бац кхузахь, мичча хенахь а кеман чу а хаийна, дIахьажор ву хьо. Дуккха а хилла цу кепара прецеденташ. Цундела соьгара хьал Iаламат ледара ду. Суна депортаци йийр яц аьлла, тешам боцу со паргIат веха олийла дац. Делахь а шансаш а йолуш ю сан.

- Полшин юристаша а, бакъонашларъярхоша а гIо дой хьуна?

– ХIаъ, Полшин омбудсмен хилира сан кхелехь. Суна тIехIоьттина Amnesty International а, Human Rights Watch а, оьрсийн "Мемориал" а, Полшин журналисташ а, полшхойн омбудсмен а. Делахь а, цкъачунна цунах а хуьлуш пайда бац.

Дмитрий Волчек

Радио Свобода

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG