Австрин лаккхарчу кхело дӀаяьккхина Венехь Хадишт цIе йолу нохчийн йоI йийначу К.Робертана йина суьдан кхел. Цуьнан бахьана ду суьдан гIалат даьлла хилар, яздо "Кавказ.Реалиино".
Зулам динчу кхиазхочун синIаткъамца доьзна хьал къасто Венин прокуратуро лаьцна хилла психиатр Хоффман Петер. Цо сацам бира, йоI юьйш кхиазхо кхеташ хилла ша дийриг хIун ду бохучух аьлла.
Кхин цхьа а хетарг хилийта кхело шен агIор лаьцнера кхин цхьа психиатр – Герстл Вернер. Цо жамI дина, К.Роберт ша лелочух вуьззина кхеташ ца хилла аьлла. Герстлна хетарехь, шен коьртехь "декачу аьзнаша Iаткъам беш" дуьххьара цо садукъийна йоIан, цул тIаьхьа лаг хадийна уьрсаца.
Шина говзачо дуьйцург цхьаьнадогIуш цахиларна, прокуратуро сацам бинера суьдан процессана юкъаозо "лаккхара эксперт" олуш волу кхоалгIа психиатр. Амма суьдхочо дIатеттира прокуратуран дехар, зуламхо лортIехь ву-вац къастор бехкъасторхошна тIе а диллина. Уьш реза хилира хьалхарчу экспертца, йоI юьйш бехкевийриг кхетамчохь хилла аьлла.
Ткъа хIинца Австрин Лаккхарчу суьдо лаьрра хьалхарчу инстанцерчу кхело гIалат далийтина хилар, бехкевийриг лортIехь хилар коьрта хаттар дара кхело сацам беш аьлла.
Цу кепара, нохчийн йоI йийна зуламхо дIахоьцур вац, амма набахтехь 13 шо доккхуьйтучу метта иза хьажор ву психиатрин дарбанан цIийне.
16 шо долчу К.Роберта йийра шайга хьошалгIа еана лулахойн 7 шо долу йоI Хадишт 2018-чу шарахь Стигалкъекъа-баттахь. Кхиазхо сихха лецира, иза къера хилира ша и зулам дарна.