Низам а талхош, молханаш дохкарна бехке ву Балахов Мурад, боху Нальчикерчу талламчаша. Германехь вехачу цо «Кейтруд» олу молханаш кхехьна даймахка. Дуккха а хилла клиенташ, амма, шен долахь фирма елахь а, и молха даржо бакъо яккханза хилла Балаховс.
"Диканиг динеххьий бен, вон ца дина оцу стага. Цуьнна дан кечдина та1зар, цуьнгара даьллачуьнга хьаьжча, сов лакхара ду, Мурадна 5-8 шо хан тоха мега набахтехь яккха, ткъа иза харцо ю», - боху Балаховн адвокато Омаров Заура.
Мурадца цхьаьна лаьцна Iедалхоша цуьнан ваша а – шиммо, шайна тIедоккхуш ахча а доцуш, кхехьна цомгушчарна Германера молха.
Ша лаца кхачош хIоьттинчу кхелехь Балахов Мурада дехна гергарчаьрга шен кIанте хIара дешнаш дIаалар: «Хьан да зуламхо вац хьуна, наханна дика дарна бехке ву хьуна иза». Оцу хьокъехь яздина Mash хьостано.
Москох изоляторехь кхобу кху муьрехь молханаш махка кхехьарна бехкевен ши ваша.