ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь меттахIоттийна ток ялар


Kyrgyzstan - Autumn in Bishkek, weather, fall, rain, wind
Kyrgyzstan - Autumn in Bishkek, weather, fall, rain, wind

Энергетикаша меттахIоттийна Нохчийчохь Iалам карзахдаларо йохийна электростанцеш. Цунах лаьцна хаам бо Оьрсийчоьнан энергетикан министраллан зорбанан сервисо.

Марсхьокху-беттан 1-чу дийнахь 8:30 даьлча меттахIотторан белхаш дIабирзина, - аьлла ду цу хаамехь.

Товбеца-беттан 31-хь Iуьйранна Iалам карзахдаларна Хьалха-Мартанан а, ТIехьа-Мартанан а, Гуьмсан а кIошташкахь электросерло йоцуш всинера Нохчийчохь 124 эзар гергга стаг.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бинчу хаамца, Хьалха-Мартанан кIоштахь Гехи, Гехи-Чу, Рошни-Чу ярташкахь дохийначу цIенойн терахь ду 300 сов. Цу кIоштахь зе дина тIекIелдинчу шина цIанна, 4 школина, кIоштан дарбанан цIанна, культуран кхерчана. ЛЭП тоькан серий хедийна 11 эвлахь, галъяхна газанан биргIанаш.

ТIехьа-МартантIехь Котар-Юьртахь зе дина ду 70 цIа, Янди-кIотарахь - 48, ТIехьа-МартантIехь - 3. 6 эвлахь ток яц, билгалдаьккхина Кадыровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG