Iамеркан пачхьалкхан департаменто дIахьедар дина, Британехь шалха агент хиллачу Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIан Юлияна а дIовшан тIелатар дарна, Цхьаьнатоьхначу Штаташа Оьрсийчоьнна дуьхьал кхайкхийначу санкцийн шолгIа пакет юкъаяьккхина хиларх лаьцна.
Керла санкцеш болх бан юьйлаяла мегаш ю кху карарчу Марсхьокху-беттан 19-чу дийнахь дуьйна. Уьш латтор ю лаххара а цхьана шарахь, билгалдоккху Пачхьалкхан департаменто.
Диначу дIахьедарца, Вашингтоно дуьхьало йир ю, Дерригдуьненан банк а, Дуьненаюкъара валютан фонд а санна йолчу, дуьненаюкъарчу финансийн организацешна финансашца а, техникица а Оьрсийчоьнна гIо дарна.
Керлачу сенкцешца а догIуш, лицензеш яха вуно хала хир ду Оьрсийчоьнна цхьамогIа сурсаташ а, технологеш а юхкуш.