ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакаев Зелим вайна ши шо кхаьчна, амма тахана а кост дац цуьнгара


Иллиалархо, ши шо хьалха вайна Бакаев Зелим
Иллиалархо, ши шо хьалха вайна Бакаев Зелим

Ши шо кхечи нохчийн иллиалархо Бакаев Зеламха Соьлжа-ГIалахь вайна. Дац цуьнгара кост йа гергарчаьрга а, талламчашна цуьнан кхолламех хууш а дац. Нохчийчуьрчу бахархойн шеко яц иза дийна хир ву аьлла.

Ши шо хьалха даймахка веанера, Москвахь болх беш, вехаш волу Бакаев, шен йиша маре йоьдучу деношкахь. Соьлжа-ГIалахь вайра гоьваьлла иллиалархо.

Нохчийчуьрчу цхьана бакъонашларъярхочо къайлах «Кавказ.Реалии» порталца къамелехь аьллера, Бакаев лаьцна латторна бехке Кадыров Рамзанан администрацера лаккхара даржхо ву аьлла. Амма хууш дац, муьлхачу бахьанашца къайлаваьккхина иллиалархо.

"Кавказский узел" агенталле Нохчийчуьрчу Талламан комитетехь хаамабца, ши шо даьлча а цхьана а кепара цунах информаци яц.

Иштта агенталло яздарца, меттигерчу бахархоша иза дийна хиларх шаьш тешаш дац аьлла. Царна хетарехь, Германи дехьаваьлла Бакаев аьлла, меттигерчу телевизионехь видео гайтинчул тIаьхьа вийна хила тарло иза.

"Дэйли Шторм" хаамийн гIирсана мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана еллачу интервьюхь элира, бехкзуламан гIуллакх схьа а диллина, "са ма гатде", "лохуш ду" бохуш, кIентан гергарчу нахана кхелан системехь болучара дегайохо а латтош, "декхарех ведда", "ша шена пиар еш ву", "кеста гучувер ву" кхечу декъо а бохуш, латтийначу Бакаев Зеламхан кхолламех шолгIа дIахьедар дира Кадыровс.

Я ша а, я ницкъаллийн структурийн белхахой а юкъара бац боху цо, кIант варна. КIантах бакъдерг БакаевгIеран доьзалехь лаха деза бохура цо.

"Цуьнан дена а, шичойшна а ма хаьа дерриг а ма-дарра, хIунда ца хоуьйтуш ду кIентан нене, цуьнах хIунда хьулдина? Шайн доьзалехь цакхетамаш, прооблемаш ю церан… Нагахь цхьа доьхнарг а дина, наркоман цIера веддехь, хIун бехк бу сан а, махкарчу Iедалан а?", - бохуш, хеттаршка вуьйлура хIетахь мехкан куьйгалхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG