Норвегин полицин векало терроран тохар хила тарло боху Осло шахьарна уллерчу Сандвикехь маьждига чуиккхинчу меттигерчу вахархочо, цхьа стаг а лазош, герз деттар. Лаьцначун цIе ца яьккхина хIинца а, иза пачхьалкхо мигранташ тIеэцарна резабоцучех ву, билгалдоккху низаманхоша.
20 шо долу иза, маьждига чу а веана, герз детта хIуттуш чохь кхо стаг бен ца хилла. Амма чуьрачара лаьцна, полици схьакхаччалц шайгахь латтийна иза.
ГIурбан Дийнахь дина зулам.
2011-чу шарахь террорхочо Брейвик Андерса Норвегехь бехачу мигранташка а, уьш тIеоьцучу хьукматашка а йолчу гамонна байира махкарчу Къинхьегаман партин декъашхой а, оцу партин кегийрхойн декъо садоIучу меттигера бераш а – верриг а 77 стаг. Набахтехь латтош ву Брайвик карарчу хенахь.
Кхушара бIаьста Керлачу Зеландерчу Крайстёрч гIалахь австралихочо Таррант Брентона шина маьждигехь герз диттина вийра 51 стаг. Иза лаьцна ву, кхел йолаяланза ю цкъачунна.