Дагестанерчу Цумадан кIоштахь Iинах яхана жима машен, хаам бо "Кавказ.Реалиино". Цу чохь хилла меттигера вахархо а, цуьнан доьзал а.
Сильди эавланан гергахь цIеххьана тIулгаш эгна хилла ламанан некъа тIе. И бахьана долуш галъяьлла машен 500 сов метр кIоргачу Iинах яхана, хаам бина меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан зорбанан сервисо.
Болчу хаамца, ши бер хилла 10, 15 шераш долуш. Кхин йолу транспорт зе-зулам доцуш чекхъяьлла бохам хиллачу меттигах.