ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нийсо ца карийна Оьрсийчохь


Европерчу адамийн бакъонашкахула кхело Оьрсийчоьнна тIедожийна Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш лар йоцуш байинчу нехан гергарчарна 1,9 миллион евро дала. Буьйцурш бу 2000-2005 шерашкахь лечкъийна нах. Дерриг а листинарг ду 21 гIуллакх.

"Правовая инициатива" проектан векалш бара 5 гIуллакх кечдинарш. Бала лайна хиларна а, харжаш ярна а 600 эзар евро компенсаци елла кхеле бевллачарна.

Европерчу кхеле хьажийна дисина гIуллакхаш кечдинера "Мемориало" а, "Нохчийчоьнан наной" вовшахкхетаралло а, цхьаццаболчу адвокаташа а. Кхело билгалдаьккхина, адамаш доьза дар таллар чекхдаьккхина ца хилар, цунна бехке эскархой хиларан тоьшаллаш доллушехь.

Иштта, 2000-чу шарахь Стигалкъекъа-беттан 3-хь Эвтарахь лаьцнера Мальцагов Мухьади. Iуьйранна сатесначул тIаьхьа МальцаговгIеран керта иккхинера 10 эскархо. Цара герз тоьхна дийра шайна дуьхьалдаьлла лета жIаьла, ткъа арахь гIовгIа хезна араиккхина хIусамда куьйгаш дихкина дIавигира цара, кетIахь лаьтташ хиллачу кхин а 50 гергга эскархочуьнца цхьаьна.

Мальцагов дIавигинера юьртан йистехь котамийн ферма лаьттинчу меттиге. Цигахь куп тоьхна яра Оьрсийчоьнан тIеман база. Страсбургерчу кхеле яьллачу Мальцаговн хIусамнанас а, цуьнан бераша а чIагIдо иза лачкъийнарш славянийн сибаташ долуш а, акцент йоцуш оьрсийн мотт буьйцуш а бара бохуш.

Оццу дийнахь Мальцаговн гергарнаш Шеларчу тIеман буьйранчийн штабе бахана хиллера. Цигахь цаьрга хаам бинера меттигерчу эскархоша Мальцагов лаьцна вац, ткъа цаьргахь цхьа а хаам бац оцу дийнахь леррина операци дIаяьхьна хиларх лаьцна аьлла. Стаг лачкъорна бехктакхаман гIуллакх долийна хиллера 7 бутт баьллачул тIаьхьа. ТIаьхьо иза таллар а сацийра.

2002-чу шарахь Лахьанан-беттан 28-хь коьртах туьтмIаьжгаш йоьхкина герзаца хиллачу нехан тоба чуиккхинера Эрснахь АбдулкеримовгIеран хIусамна.

Герзашца кхерам а тесна, цара нуьцкъала араваьккхина дIавигира хIусамда Абдулкеримов Ахьмад а, цуьнан кIант Абу-ШахIид а. Эвла йистехь лаьтташ хиллера динна тIеман ковра. Тутмакхаш дIабигинера Веданахь эскаран дакъа лаьттачу агIор.

И ши стаг лачкъор хьокъехь долийна бехктакхаман гIуллакх таллар дIадаьхьира, сиха-сиха юкъах а доккхуш. Делахь а АбдулкаримовгIерах хилларг къастоза ду хIинца а.

ГIалгIайчоьнан ши вахархо Евлоев Расухан а, Измайлов ИбраьхIим а лачкъийра 2004-чу шарахь Зазадоккху-беттан 11-чу дийнахь.

«Волга-14» стационаран блокпостехь машенахь вогIу и шиъ лаьцна, куьйгехь гIоьмаш а тоьхна, дIавигинера Несара агIор. Некъаца лаьттачу постера полисхо юкъаэккха гIоьртинера, амма царах цхьаммо хьехар динера цунна гена валий латта, ша Федералан кхерамазаллин сервисан Магасерчу урхаллера ву аьлла.

Офицалана доцчу хьастанашкара тIаьхьо лачкъийначеран гергарчарна хиинера и шиъ баккъалла а Магесерчу УФСБ валийна хилла хилар. Амма кхин дIа цу шинах хилларг хIун ду хууш дац.

Кхин а цхьа кIира даьлча бехктакхаман гIуллакх долийра Евлоев а, Измайлов а лохуш. Амма таллам хIинца а дIабоьдуш бу.

"Оздоев а, Цечоев а Оьрсийчоьнна дуьхьал" гIуллакхехула латкъам бинчарна гIо деш бара "Мемориалан" юристаш. Цу гIуллакхехула Оьрсийчоь декхарелахь йина динчу зенна дуьхьал 170 эзар евро компенсаци яла.

ГIалгIайчоьнан прокуроран ФСБ-но лелочун терго йон лакхара гIоьнча Оздоев Рашид а, цуьнан доттагI, жигархо Цечоев Тамерлан а лачкъийна 15 шо хьалха.

Оздоев толлуш вара республикера адамаш тIепаза дарна ФСБ бехке хила мегаш хилар, дагадоуьйту "Мемориало". Ша лачкъавале маситта де хьалха ФСБ-н белхахоша республикехь харцонаш лелорах лаьцна Оьрсийчоьнан Инарлин прокуроран цIарах дIахаийтар эцна Москох вахана хиллера иза.

Цу документа тIехь дуьйцуш дара гIалгIайн ФСБ а, цуьнан хьаькам Коряков Сергей а бехке хиларх лаьцна меттигера бахархой доь доцуш бовш хиларна а, адамашна тIехь къизаллаш лелош хиларна а, йина кхел а йоцуш, адамаш дайарна а. Оздоев а, Цечоев а лачкъийнера, гарехь, лакхохьа хьахийна Евлоев а, Измайлов а лачкъийначу наха.

2004-чу шарахь Зазадоккху-беттан 11-чу дийнахь Несарара Малгобеке боьдучу некъа тIехь прокуроран гIоьнча а, цуьнан накъост а чохь волу машенна шайн машен дуьхьал а тесна, сацийнера герзаца хиллачу наха. ТIекхетта лаьцна и шиъ дIавигинера номерш йоцучу "Газель" автобусахь. ТIаьхьо и виъ стаг доьза варна кхоьллина гIуллакхаш цхьаьнатуьйхира.

Прокуроран гIончан дас, ГIалгIайчуьрчу Малгобекан кIоштан кхелахочо Оздоев Бориса шен таллам бира. Цунна карийнера шен кIант лачкъош дакъалаьцна ФСБ-н белхахо. Цо дийцинера Оздоевга, иза лачкъор хьокъехь омра делларг меттигерчу ФСБ-н декъан хьаькам Коряков вара аьлла.

Оздоевс и къамел дIаяздинера. Иза тIехь долу кассета дIаяла гIоьртира иза ницкъаллин а, тIехьожучу а структурашка. Амма прокуратурехь пленка йоьхна элира. Ткъа Оьрсийчуьрчу ФСБ-ра жоп даийтира Оздоевга гIалгIайн меттан гочдархо вац шайн аьлла.

2008-чу шарахь Оздоевс латкъам бира Европерчу адамийн бакъонашкахула кхеле. Цул тIаьхьа цуьнан хIусамаш ягийра гранатомет а тоьхна. 2018-чу шеран Дечкен-баттахь Оздоев велира. Цуьнан метта эшам хилларг лоруш ю лачкъийначуьнан нана.

Страсбургерчу Кхелан сацамехь аьлла ду, Оьрсийчоьнан Iедало эвсаре таллам ца бина Оздоев а, Цечоев а доьза варах а, валарх а, ткъа Iедалан аьтто ца баьлла гергарчара дуьйцург тешош юхатоха аьлла.

Кхело дагадаийтина ша хьалха а жамI дина хилар, Нохчийчохь 2000-2006 шерашкахь адамаш дар эвсаран кепехь толлуш цахилар системан проблема хиларх лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG