ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь хIаллакбинчийн "тептар" кхаьчна Страсбурге


"27-н гIуллакхах" бакъонашларъярхоша болийна болх кхи дIа а хьош бу: "Мемориалан" информацица, 2017-чу шеран Дечкен-баттахь Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан гIишлон бухарчу ларми чохь вийначу бархI жимчу стеган гергарнаш Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле бевлла.

Адамийн бакъонех йолчу конвенцин пхи артикл йохийна хилар Оьрсийчоьне тIелацийтар доьху цара. Страсбурган кхеле бевллачийн цIераш йовзуьйтуш яц, церан дахарна кхераме хиларна. Нохчийчохь оцу нахана кхерамаш тийсина хилла, Оьрсийчоьнан Iедалшка бовларна.

"Оьрсийчоьно кхочуш ца до шена тIедехкинарш"

"Кавказ.Реалии портале "Мемориалан" юристо Глушкова Татьянас дийцарехь, латкъам чукхачийна, кхелан сацамбар масех шаре дала тарло.

"Цхьа кхо-биъ бутт баьлча чуделлачу документашна тIе лоьмар хIоттор ю, цул тIаьхьа ладоьгIур ду оха зIе хиларе. И бохург хIун ду, кхело Оьрсийчоьнан Iедалхошка а, латкъамбинчаьрга а хеттарш дийр ду. Хьалха Iедалхоша жоьпаш ло, тIаккха арз чуделлачара. Коммуникаци хила тарло масех бутт баьлча, йа масех шо даьлча", - дуьйцу Глушковас.

Европан кхеле масийттазза кхачийра Нохчийчохь нах лечкъорах аьрзнаш. Латкъамбинчаьргахьа кхело сацамаш бора, амма Оьрсийчоьно кхи дIа гIуллакх талларехь деш кIад а дацара.

"Суна дага догIуш, Европан кхеле кхаьчначу латкъамашца, хIинццалц схьа билгалваьккхина вац зуламаш лелийна бехкениг а, йа гIо хилла дац вийначух хилларг хаа а. ЕСПЧ-н сацамаш кхочушбан безаш бу, ткъа Iедалхоша компенсацеш кхачийна ца Iаш, ситуацех дерриг а къастош болх бан беза. Кхачо йоллуш талламбар а, бехкенаш таIзаре хIиттор а, нах лечкъор сацор а ду кхузахь дан догIург. Оьрсийчоьно кхочуш ца до шена тIедиллинарг", - билгалдоккху Глушковас.

Цундела шеконаш ю церан, "27-н гIуллакхах" а цхьа йист ер ю аьлла.

"Тхоьга юха ала тарло, и нах Шема дIабахна. ХIара гIуллакх муха ду хьуна аьлча, нах байна аьлла, долийна бехкзуламан гIуллакх а дац ур-атталла", - боху юристо.

Каш даста ца хIиттира

Оьрсийчохь гIуллакх толлур а ду, цунах йист а ер ю аьлла, дегайовхо йоццушехь, Европан адамийн бакъонийн кхеле довлар Iаламат мехал ду боху Глушковас.

Цкъа делахь – террорхо вара иза, цундела Шема дIавахна аьлла, бехкевина стаг цIанвар хуьлу, иза къайлаваккхарх жоьпалла Оьрсийчоьнна тIехь хилар къобалдар а нисло бохуш, кхетадо юристо.

Нохчийчуьрчу шолгIачу полкан гIишло чохь Iазапаш лелийна, мел лахара а 27 стаг вийна хиларх хаам баржийра "Новая газетано" шен агIонашкахь зорбане яьккхинчу "Это была казнь" артиклехь.

Полисхойн декъе а балош, терроран зуламаш дина шаьш бохуш, бехкаш тIелацийтинера хIетахь божаршка, царна тIехь кеп-кепара Iазапаш а латтош. Бакъонашларъярхойн долахь ю оцу заманчохь дIалаьцна хиллачу 67 стеган цIераш тIехь йолу тептар. Мел лахара а царех 27 вийна хиллера. Бехкзуламан гIуллакх ца айдира, байинчийн гергарчара журналисташка дийцарх а, йа бакъонашларъярхоша тоаме хиллал тоьшаллаш гулдиннашехь а.

Оьрсийчоьнан омбудсмен Москалькова Татяьна а цхьана еара Нохчийчу, амма цунах а пайда ца белира: вийна аьлла, тептаре язвинчех цхьаъ "дийна" хиллера. Тептарехь тобан эмир ву аьлла, билгалваьккхина Мускиев Махьма хиллера иза. Бакъонашларъярхой тешна бу, омбудсменна дуьхьал валийнарг вийначун ваша ву аьлла.

Кхин а цхьана вийначун вашас чIагIдира, шен ваша вийна вац, шен Iожаллех велла ву, даге лазар а иккхина бохуш. Цуьнан каш а цхьана гайтинера цо. Каш даьстина, экспертиза яйта ца хIоьттинера Москалькова.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG