Стигалкъекъа-баттахь Идлиб провинцехь химин герзца тIелатар дарх жоьпалла Шеман президентан Асад Башаран режимна тIехь ду. Нью-Йоркехь йоьдучу пресс-конференцехь дIахьедар дина цунах пачхьалкхан секретаро Помпео Майка, яздо Рейтерс агенталло. Хлорах пайда а оьцуш, хетарехь, динчу тIелатарх зераш зийна Iамеркан иччархойн урхалло, билгалдаьккхина Помпеос. Шайн дIовше молха хилла а дац, йа шаьш дуьйцучу тIелатаршна гунахь дац бохуш, даим а дIахьедо Шеман Iедалхоша.
Стигалкъекъа-баттахь хилла тарлун тIелатар дирзинчул тIаьхьа Вашингтоно бехкбиллира Москвана а, Димашкъна а, къестамаш а ца беш, бахархойн гIишлошна тохарш дарна. Ишта зорбанчашна хьалха вистхуьлуш Помпеос хаамбина, Iамерко Оьрсийчоьнан шина компанина дуьхьал керла санкцеш яхарх цара Шемарчу оьрсийн эскаршна ягорг латторна.
Iамерка коьртехь а йолуш, дуьненаюкъарчу коалицино 2014-чу шарахь дуьйна къийсам болийна радикалан дин лелочаьрца Шемахь. Коалицина гIо латтош бу Шеман демократин оппозицин ницкъаш. 2015-чу шеран Гезгамашин-баттахь йолийна Шемахь оьрсийн тIеман кампани. Коалицино масийттазза бехкаш дехкира Москвана, Шеман президентан Асад Башаран режимна гIортор латторна. Малхбузен пачхьалкхаша бехкево Асад адамийн бакъонаш цо йохош хиларна.