Зуламан тобан юкъахь ГIалгIайчуьрчу бахархошкара, коьртачу декъана зударшкара, кхерамаш тийсарца ахчанаш дахарна лаьцна Несаран кIоштара Альтемиров Iийса ведда шена гIароле хIиттийначу полисхойх. Цунах лаьцна хаам бо "Интерфаксо", шен хьасташна тIе а тевжаш.
ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан векало бинчу хаамца, Несарарчу кхеле вуьгуш Альтемиров къайлаваьлла кIайн бос болчу Ford Focus машена а хиина. Веддачуьнан цIахь таллам бича карийна и машен.
38 шо долу Альтемиров лаьцнера Марсхьокху-баттахь нахера ахчанаш даха гIоьртина аьлла бехке а вина. Оццу гIуллакхехула лаьцна вара цуьнан ваша 47 шо долу Экажево эвлан вахархо Альтемиров Хьасан.
Талламан версица, цу шиммо дакъалоцучу зуламан тобан декъашхоша 2012-2017 шерашкахь, сий дойуш хаамаш баржор бу шаьш бохуш, кхерамаш а туьйсуш, даккхийн ахчанаш дохуш хилла меттигерчу бахархошкара.
Хаьлхо бинчу хаамца, кхушара Мангалан-баттахь оьгIазбаханчу наха йиттинчул тIаьхьа дарбанан хIусаме кхачийна Альтемиров Хьасан вадийра муьлуш бу ца хуучу наха. Иза дIавуьгуш чевнаш йинера полицин 8 белхахочунна. Царна тIелатар дарна лаьцна ву Сурхотера а, Экажевора а, Несарара а 24-47 шераш долу 4 вахархо.