Экстремизмна бехкебина, Мисарахь дIалаьцна набахтехь латточу гIалгIайн гIуллакхна юкъаялийна зуда – Салиходжаева Зулхумор. 40 шо долу и зуда ГIиргIазойчуьра орамаш долуш ю. "Кавказ.Реалии" портале цунах хаамбина лаьцначун йоIа.
Ах шо сов заманчохь Салиходжаева КъахIирехь гIалгIайн тутмакхашца Плиев Рамзанца а, Чемурзиев Исмаилца а, Аушев Илезца а, Дзейтов Iелица а цхьана камера чохь яллийна. Цхьана тобанан декъехь хилла ю бохуш, бехкееш ю иза а.
Цуьнан йоIа дийцарехь, талламхоша, бевзий хьуна гIалгIайн студенташ аьлла, деллачу хаттарна, "бевза" аьлла ду цуьнан жоп. Салиходжаева Зулхуморан пхи бер ду.
Маршо Радионо яздира, исламан ал-Азхар университетехь доьшуш хилла ГIалгIайчуьра студенташ Мисарахь полисхоша лецарх. Стохка аьхка дуьйна чохь валлош ву Плиев Рамзан а, Чемурзиев Исмаил а, Аушев Илез а Дзейтов Iела а. ПхоьалгIачу церан накъостах Дугиев Хизирх хилларх хууш дац.