Оьрсийчоьнан къайлахачу сервисашна болх бечу агентийн маша гучубаьккхина Чехехь. Цунах лаьцна мехкан парламентан лахарчу чоьнан депутаташна хьалха вистхуьлуш хаам бина Чехин кхерамазаллин а, информацин а сервисан директоро Коуделка Михаила.
Коуделкас дийцарехь, агентийн маша кхоьллина хилла Оьрсийчоьнан Федералан кхерамазаллин сервисо (ФСБ). Цунна ахча латтош хилла Мосохара а, Оьрсийчоьнан Чехерчу векалаллера а.
КIиранах цкъа арадолучу Respekt газето яздарехь, цу агентийн машано хIакерийн тIелетарш деш хилла Чехехь йолчу компанешна а, урхаллашана а, кхечу объекташна а.
ФСБ-н агентийн тобан юкъахь хилла Оьрсийчуьра а, Чехино махкалла делла Оьрсийчуьра схьаваьлла а маситта стаг. Уьш зуламаш деш хилла Прагехь комьютерш а, компьютеран программаш а юхку шина компани а кхоьллина.