Мозамбикера гIаттамхой тIелетта Оьрсийчуьрчу тIеман «Вагнер» компанин тIемалошна. Вийна компанера пхи стаг. Оцу хьокъехь хаамбина Мозамбикерчу Carta de Moçambique хьостано, иза тIечIагIдина «Iамеркан аз» радионо.
ДIадаханчу шоьтадийнахь Муйдумбе мехкан Кабу-Делгаду кIоштахь, Мангалаве гIалина гергахь нисбелла и бохам. ГIаттамхоша къевлинчу некъа йогIуш хилла «вагнерхой» а, Мозамбикан Iедалан ницкъаш а тIехь болу машен, иза ягийна тIелеттачу гIаттамхоша. SDS-н (Iедалан) ницкъашца цхьаьна «Вагнерера" пхи «оьрсех тера волу» стаг вийна, боху Мозамбикерчу прессо.
Хаамийн гIирсаша бахарехь, «Вагнер» ю Мозамбикерчу Iедалан ницкъашна гIаттамхой хьаша гIодеш.
Шина а хаамийн гIирсо дийцарехь, кортош баьхна байинчу «вагнерхойн», ткъа церан декъий кхачийна кIоштарчу дарбанцIийне.
Мозамбикерчу Оьрсийчоьнан векалто а, я кхечу урхалло а цкъачунна официалехь хаийтина дац хилларг.
Ши шо ду Мозамбикера Iедалан ницкъаш меттигерчу бусалба гIаттамхошна дуьхьаллаьтта. Оьрсийчоьно официалехь хаийтина дац цига ша ницкъаш хьийсорах лаьцна. Амма хууш дара цигахь «болх бойла» прессо Петарбухарчу бизнесменца Пригожин Евгенийца юзучу тIеман «Вагнер» компанино.
Кххарийдийнахь Facebook компанин кхерамзаллин урхалло даржийра, ша социалан зIенах дIахадийна Пригожинца зIенехь йолу «Африкера кхо аккаунт», аьлла. Юьйцучу кхаа аккаунтехула лелачу къамелаша гойтуш хилла Пригожинан гоно Мозамбик а, Мадагаскар а, Африкан Юккъера Республика а, Конго а, Кот-Д’Ивуар а, Камерун а шаьш дечу тIеман гIуллакхашца доьзна хьехайойла. Пригожин шен тIеман бизнес яржош ву Африкехула, аьлла бара дукха хан йоцуш Bloomberg-о бина таллам а.