ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Сийсазваьллий со? - 100%"


Кадыров Ислам
Кадыров Ислам

Нохчийчохь цхьацца бахьанашца лецначу нахана электрошокерца ницкъ бинчу Соьлж-ГIалин мэр хиллачу Кадыров Ислама Instagram-хь жоьпаш делла ЧГТРК "Грозный" телекомпанин корреспондентан хаттаршна.

Iедалан телеканало арахецначу видеошна тIехь айхьа лелийначух кхетабе хьовсархой аьлла корреспонденто дехар дича Кадыровс дийцина, "цунах цхьа а кхето хIума дац шен аьлла", яздо "Кавказ.Реалиино.

"Дерриг а, цигахь хилларг, дацара сайна пайдечу Ӏалашонца, сайн лаам хиларна, пайда хилийта дина. Тахана иза хьакхаделла адамаш дика кхетар ду цунах. Хабарш тайп-тайпана ду лелаш. ЮьхьӀаьржахӀоьттиний со хилларг бахьана долуш аьлла хаьттича, муьлххачу ойланца ас иза лелийнехь а, сан халкъана хьалха сий доьжна, уггар хьалха паччахьана хьалха", - дIахьедар дина Кадыров Ислама.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун дешичин кIанта дийцарехь, ша нахе "ас хьо вуьйр ву" бахар тIеэца оьшуш дац, верна кхерам тасар санна. Цо дийцарехь, нохчашна юкъахь, къаьсттина доьзалшкахь, лелош Iедал ду цу тайпа дешнаш.

"Муьлхха а дас-нанас шайн берашна дов деш ала тарло "ас вуьйр ву хьо" а , "ас дойтур дац хьоьга" а дешнаш. Шен бере "ас вуьйр ву хьо" олуш, иза баккъалла а болу чулацам болуш ма дац. Иза ладогIийта кхерош олуш ду", - бохуш вара Кадыров Ислам. Шен гергарчу стагах лаьцна репортаж араяьлча изза дийцира Кадыров Рамзана а.

Ша "дов дина" зударий набахте хьовсийнехь, Нохчийчоьнан куьйгаллех кхин а вон хIуманаш дуьйцур дара, элира хиллачу Iедалхочо. Ткъа шен даржо еллачу бакъонел а иза тIехваьлла хилла "нохчийн зуда чу ца йоллийтархьамма".

"Муьххачу адаме, кхиазхо хуьлур иза, йоI, да я нана, реза вуй хьо, дов а дина, хьой цIавахийтарна аьлла хаьттича, тIаьккха иза кхеташ хир ду", - бохура экс-мэро.

Цо дийцарехь, цо сийсаз бина а, электрошокерца ницкъ бина а нах, мелхо а цунна баркалла бохуш бу, шаьш чубоьхкина цахиларна, "кхоалгIачу наха хIуъа дийцахь а".

Цуьнан лелар видеошна тIехь тамашена хиларх лаьцна корреспонденто хаттар дича, Соьлж-ГIалин хиллачу мэро дийцира, некъан хьовзамехь лазийчул тIаьхьа 29 юкъара наркоз лайна ву ша, амма реабилитаци яран метта болх бан дийзира шен бохуш.

"Цу видеошка со хьаьжна а вац, сайх суна эхь хетарна. ЮьхьIаьржахIоьттина со лома ваханера тхайн дай баьхначу юьрта. Цигахь Iийра со", - бохура Кадыровс.

Цо чIагIдарехь, телеэфире арахецначу видеошна тIехь гайтинчу наха ши сахьт хан а ца яьккхира мэрехь. Кадыров Ислама ша реза цахилар хаийтира и видеоматериалаш арахецале, кореспонденто шега комментари ца яйтарна.

Цо иштта харцбира Кадыров Рамзан вен дагахь тIелатар кечдарна ша декъа вара аьлла "Новая газето" бина хаам. Карарчу хенахь шеца хIоьттинарг дуккха а вон хьал ду, шен "вешина" тIелатар дан дагахь хилла, бохуш дуьйцучул а, элира Кадыровс.

"Со бехказа ваккха бахьана дац. Сийсазваьллий со? - 100 %. Ша стаг ву боху муьлхха а къера хила веза шегара гIалат даьлча. Со кийча ву сайгара даьлларг бахьана долуш муьлхха а таIзар тIелаца", - бохура Кадыров Ислама.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG