Дагестанера бахархошна лаьий пачхьалкхера дIабаха зийра "Кавказ.Реалиино". Автор Расулова Анастасия.
"Левада-Центро" бинчу талламашца, 18 шарера 24 шаре бевлла 53 процент кегийрхой хьаьгна бу Оьрсийчуьра дIабаха. 2009-чу шарера схьа дуьйна гайтинчу жамIашца хIотттийна ю хIара статистика. Пачхьалкхера дIаваха ойла йолуш, йа дехьабовла кечам бечарлахь цхьа дакъа Путинан агIончаш бу 54 процент. Путинна дуьхьалберш 46%.
Оьрсийчоьнан бахархой пачхьалкхера дIабоьлхучу хьоле бахаран бахьанаш ду:
дозанал а арахьа шайн доьзална токхе дахар лахар (45 %);
пачхьалкхера экономикан (40);
политикан хьал(33%)
кхечу пачхьалкхашкара тоьлла медицинан хьелаш (35%)
кхечу мехкашкара деша таронаш (26%)
дозанал а арахьа карьера ян (28%).
Ишта ду "Левада-Центран" жамIаш. Дагестанхошлахь хаттам бира "Кавказ.Реалиино", лаьий царна Европе дехьабовла аьлла.
33 шо долу Ислам программист ву:
"ХIаъ, лаьара. Адамашка ларам кхин бу цигахь, ларам алсам бу. Коррупци кIезиг ю, дахаран хьелаш а сирла ду. Кхин дIа дуьйций ас?"
19 шо ду Аминин. Лоьран дешар карадерзош ю иза:
"ХIаъ, цигахь лоьрийн алапаш а дика ду. Дешаран тIегIа а лакхара ю, дикачух аппаратура ю".
60 шо долу Наталья пенсхо ю:
"ХIаъ, дIаяха там бара со. Сайн бераш дехьадовла лаьара суна. ХIинццалц цкъа а дагатесна хIума а дацара…Амма бакъду, дIавахарна дохковаьла стаг-м ца хаьа суна".
43 шо ду Артуран. Бизнесхо ву иза:
"ХIан-хIа. Дуккха а хIума ду суна кхузахь ца товш, делахь а, махкара вадар - ямартвалар а, стешхалла а ю. ХIуъа дина а, махкахь хьал толо бахьанаш лелон деза".
Москварчу пачхьалкхан дуьненаюкъарчу юкъаметтигийн Кавказан проблемийн а, регионан кхерамзаллан а Центран Iилманчана Ярлыкапов Ахьмадна хетарехь, пачхьалкхера дIабаха луурш яхначу заманашкахь а даим а хилла бу, тIаьххьарчу шерийн гайтам бац иза.
"ХIинцца адам меттахдаьлла аьлла ца хета суна. Хетарехь дIабаха луучийн терахь стамделла хир ду. Грин-картана квота даим а лакхара хуьлуш ю Оьрсийчохь", - дуьйцу цо.
Экспертан хьажамца, Оьрсийчоьнан бахархой реза бац шайн социалан хьелашна. "Социалан хьелаш толуш дац. Иштта ца тов бахархошна пачхьалкхера хиламаш а, масала, яхъелла кризис", - боху Ярлыкапов Ахьмада.