ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Диканиг бен ма ала Соьлж-ГIалех, ца алалахь – хIумма а ма ала…


оьлж-ГIалин йист, мехкан куьйгалхой балха ца лела кхузашхула.
оьлж-ГIалин йист, мехкан куьйгалхой балха ца лела кхузашхула.

Дахар «уггаре диканиг» ду Нохчийчохь – иза «сецна бакъдерг» ду. Кхечу бIаьргашца хьажа а ма хьожийла хьо, хьайна зен-зулам ца дезахь!

Оьрсийчуьрчу Iедалан Финансийн университето теллина пачхьалкхерчу гIаланашкара хьелаш, аьттонаш. Тоьллачех ю, боху, гIезалойн Казань. Цул тIаьхьа – Соьлж-ГIала. Нохчийн шахьаро шел тIаьхьа йитина университето зийна йолу 76 гIала.

Дуьххьара дац иштачу рейтингаша Соьлж-ГIала лидерийн могIара йоккхуш. Из-за 2-гIа меттиг кхачийра цунна 2016-чу шарахь а. Яздира хIетахь Инстаграмехула мехкан хьалханчас Кадыров Рамзана: «90% ГIалин бахархоша боху, шаьш реза ду шайн дахарна».

Рейтинг хIоттийначара хеттарш дан хаьржина 250 эзар вахархо чохь веха 76 гIала, хIоранхьа а къамелаш дина 600 стагца. Хиттина коммуналан хьелех, берийн дешарх, меттигерчу лоьрийн а, хьаькамийн а дикаллах лаьцна.

Соьлж-ГIала лидер ю рейтингехь кхин а цхьана аьттонца – нах чохь бехачу хIусамийн хьелашца. Шайн дахарна шаьш реза ду бохучийн дукхаллехь шолгIанаш бу соьлжгIалахой. Бакъду, кхечу хеттаршна деллачу жоьпашкахь бага хи лаьцна а ца Iийна нохчий.

Масала, цомгуш хилча, дарба карон хала ду Нохчийчоьнан коьртачу шахаьрахь – 66-гIа меттиг кхаьчна ГIалин лоьрашна.

Рейтинг гучуйоллушехь, Соьлж-ГIалин бахархошца зIене елира «Кавказ.Реалии» а. Цхьа а ца нисвелира цунна Финансийн университето бинчу хеттамашкахь дакъалаьцначех, амма цхьамма а ца элира, тоъал дика ю медицина ГIалахь.

Соьлж-ГIаларчу Мурада дийцира ша шен бераца хьегнарг: цIахь, шерашкахь тIелеладарх, ца хиира лоьрашна цуьнан беран дог стенна лозу, ткъа Ставрополехь – цига дIакхаччошехь хIоттийра диагноз. Ша махкахь, эшча, хIуттур а вацара лоьрашна тIелела, «хьашт хилча, бу ваха меттиг – Ставрополь, Питер, я Москва», боху цо.

Тхоьца къамелдиначех дукхаболучара билгалдаьккхира, молханаш, уггаре оьшурш, наггахь а ца ло мехаза, ца хилча ца долу инсулин а тIехь.

Коммуналан хьелашна реза вац «Кавказ.Реалиица» къамел динчех цхьа наггахь верг а. Хи дац юкъ-кара бен хуьлуш, иза а дац цIена, боху цара.

Люксембурган урамехь еха Лайлаъ (хIинца – Орзамиев Хьамзатан урам). Шен петар 5-чу гIатта тIехь ю, хи халла хьаладолу цига, довханиг-м наггахь а ца хуьлу, боху зудчо.

Довханиг хилча а, аьхка бен ца хуьлу, молу хи а ца лаьтта диллина – 3-4 денна сацош меттигаш дукха йогIу. «Богатырь» куьпахь-м, масала, Миллионщиковн урамехь, кIиранашкахь а беха нах хи доцуш.

Марема (цуьнан лаамца «Кавказ.Реалиино» хийцина цIе ю иза) ша реза ю, элира, цIенойн хазаллина, гонах латточу цIанонна. Иза йоккхае гIала, тIемаш бирзича, сихха тойина. Оцу хьоло кхачийна хила тарло Соьлж-ГIала рейтинган лакхарчу тIегIане, бохура цо.

Амма бакъ ца лору Марема гIалин бахархой меттигерчу Iедална реза бу бохург. Иза «дика ду» ала эшна, мэр Iийначу Кадыров Ислама наханна тIехь латтийна Iазап гучудаьллачул тIаьхьа, аьлла хета цунна. «Цхьаммо а эр дац, шен цIе а йоккхуш, ша вовза а вовзуьйтуш, кхузахь Iедал вон ду, со-м яьхьар яцара», - элира Марема.

Цо боххург бохура ГIалин кхечу бахархоша а – талламхошка юьхь-дуьххьал цхьаммо а эр дац, шайн хьаькамаш вон бу. Оцу хьокъехь бахархошца къамел дан къаьсттина хала хилира «Кавказ.Реалиина» - наха сихха, хьаькамаш хьахошшехь, дерзадора къамел.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG