ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Итт стаг ву лаьцна ГIалгIайчуьрчу «Э» центран буьйранча вер толлуш


Москварчу Басманный кхело уьтталгIа стаг лаьцна ГIалгIайчуьрчу «Э» центран куйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим а, цуьнан ваша а вийнарш лохуш хьочу талламца доьзна – Чаниев Мохьмад-ГIази. "Интерфакс" агенталло бина и хаам, кхелан пресс-гIоьнчас Морозова Иринас еллачу информацица.

Лаьцна кхаба магийна Чаниев кхаа баттахь.

«Кавказ.Реалиино» яздина ма-хиллара, оццу Басманный кхело массех де хьалха лаьцна латто магийра дуьйцу зулам бахьанехь изоляторехь кхобуш волу 6 стаг.

Лецна кхобу бу ши бутт гергга бу Москвахь ЭльджаркиевгIар байарца доьзна БатIал-Хьаьжин мурдаш Белхароев Iалихан, Накастоев Iиса, Картоев Iела, зулам дайтина хила тарлуш волу совдегар Полонкоев Хьасан а, цуьнан воI Полонкоев Закри а, церан гергара стаг Полонкоев Аслан а.

Амма Полонкоев Хьасанан адвоката Мусаев Мурада бахарехь, иза изоляторе хьажийна кхечу бахьаница - шо хьалха полисхо вен гIортар толлуш.

Байначу баттахь кхело лаца магийра ведда, лохуш волу Картоев Къурайш а. Иштта чохь валлош ву Костоев Гилани а, Арапиев Ахьмад а.

"Интерфаксан" хьостанаша дийцарехь, Несаран кIоштарчу Эккаж-Къоьнгийн Юьртара 46 шо долу БатIал-Хьажин мурд Картоев Къурайш («Коля») ву айдинчу девнан коьрта бехкахо. Цо байинчух тера ду ЭльджаркиевгIар, иза Туркойчохь къайлаваьлла хила тарло, талламчашна хетарехь.

Лахьан-беттан 2-чу дийнахь Москвахь дира зулам. ГIалгIайн «Э» центран буьйранчица Эльджаркиев ИбрахIимца цхьаьна вийра цуьнан ваша, Москварчу цхьана клиникан лор Iабдул-Ахьмад.

Юристаша бахарехь, цIий Iанийна нах «Э» центрехь хьийзор а, беттанаш хьалха БатIал-Хьажин тIаьхьенах волу Белхароев ИбрахIим вер а доькхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG