ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гечдан йиш йоцу зуламаш


Жеребцова Полина
Жеребцова Полина

Кху текстан автор ю Жеребцова Полина – яздархо-документалист, суртдиллархо

ТIом болабелла 25 шо кхачарна хьажийна Жеребцова Полинин колонка арахецна Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

Нохчийн республикехь хилла тIом биц ца бан гIерта со берриг а сайн ницкъ тIебелла: леха а лоьхуш, зорбане доху нехан кехаташ, церан запискаш, дневникаш, хIунда аьлча суна дика хаьа баккъалла а теш болчу нехан аьзнаш дукъош хиларх лаьцна, пропагандано а, тIех волуш масех дийнахь тхан тIамехь хиллачу "эксперташа" а.

Исс шо долуш дневник язъян со йолалуш ца моттара суна, сан проза а, байташ а гочйина хир ю дуьнентIерчу 20-на маттахь. ЦIена дог долу бер долчу ас хуьлучух яздора. Со тасадаларна тIехула яра, тIеман боьхаллана юсьтаха яра, суна гIо дора ламазаша, його ткъа иштта литературо: дукха веза турпалхо вара хьехархо а, яздархо а волу Корчак Януш, ткъа со кхиъна йогIуш ас-сайга хеттара: цо динарг далур дарийте соьга?

Ас дуьхьал хIиттадора и хьал, иза (вевзаш волу яздархо хилар хиъча) Iазап ловш валарх кIелхаьарваккха гIерта фашист, амма цуьнан мах бу ямарт хилар, цо шаьш дита деза берийн цIийнера бобераш газан камери чохь.

"Везавоккха Дела, ницкъ ло ахь суна кIилло ца хила, Хьайна хьалха юьхьIаьржа ца хIотта" – дехара ас, ткъа охьаоьхуш бIаьрхиш а долуш хIоразза а сайн ойланашкахь камери чуялара со боберашца цхьаьна.

Жеребцова Полина яьхна цIа, Соьлж-ГIала, 1994 шо
Жеребцова Полина яьхна цIа, Соьлж-ГIала, 1994 шо

Нохчийн дневникна чубеара тIом: мацалла, шело, дахаран хьелашца доьзна довлу девнаш, бомбанаш еттар, тоьпаш тухуш адамаш дайар, дин а, къомах мила ву цакъастош (цу хенахь Соьлж-ГIалахь дехаш дара 300 эзар оьрсийн адам) массо а бахархоша бала хьегар, турпалалла, ямартло, тешам, ламасташ, къоман кицанаш, ткъа иштта хин дерг дуьйцуш санна гIенаш.

Бомбанашна кIеллахь цхьаьна бала хьоьгуш бара берриг а маьрша бахархой. Ткъа эзарнаш Нохчийчохь дайина бераш – нохчийн а, оьрсийн а, гIалгIайн а, кхечу къаьмнийн а бераш дара.

Тхо долчех Соьлж-ГIалахь дийнна каппашкахь бехаш бара ромаш а, болгараш а, жуьгтий а, суьйлий а, гIумкий а. Суна сийдайар санна хеза цхьана халкъана эшам хилла боху фраза.

Бомбанаша а, дендаргаша а ца хоьтту муьлхачу къомах ву. Нийса хир ду дуккха а къаьмнаш дехачу республикан массо а бахархошна зе хилла алар нийса хир ду, кхечу агIор хуьлийла дац.

ТIамехь хьегна баланна тIе нохчийн къомах боцу бахархой шина цIарна юкъанисбеллера: дуьненчу бевлла меггиг бахьана долуш уьш Оьрсийчоьнан бахархошна хьалха нохчий бара, ткъа меттигерчу националисташа жигара буьйлабелира уьш байа, талораш дан, дийна йисина петарш а, цIенош а дIалийца, шаьш Москвана бекхам беш ду, бохуш шаьш лелориг бакъдеш.

Цунах лаьцна дуьйцуш Iедал дац я Оьсийчохь а, я Нохчийчохь а. И нах бицибина дуккха а бала лайначу нахана юкъахь. Амма суна дерриг а дагадогIу. Со оьшуш воцу теш ву цхьана зуламхошна а, ткъа иштта вукха зуламхошна а.

Къонахаш хила хьакъдолу дуккха а гIалгIай а, нохчий а хилара, шайн дахар ца кхоош, тхан оьрсийн махкахой къизачу декъах кIелхьар аха гIерташ. Юкъахула аьлча, меттигера марадоьраш а, бандиташ а, чопа санна бухера гучувебвлла болу, дагахь а бацара Оьрсийчоьнан эскархошца тIом бан, царна атта дара луларчу чувоьлийлехь ехачу билламан баба Машина тIелатар дан.

Жеребцова Полина, сурт даьккхина 1994-чу шарахь
Жеребцова Полина, сурт даьккхина 1994-чу шарахь

ТIамо гамо теснехь а, 2000-гIа шераш юккъедовллалц Соьлж-ГIала хьалха санна юьсуш яра дуккх а къамнаш деха гIала. 2000-чу шарахь Дечкен-баттахь, Оьрсийчоьнан эскархоша тхуна тоьпаш туху аьлла дIахIиттийначу хенахь (тIаьхьо цара шаьш забар йинера бохуш чIагIдора) берда йистехь лаьтташ бара оьрсийн ши доьзал а, цхьа нохчийн зуда а, цхьа даьргIхойн зуда а, оьрсийн-украинахойн а орамаш долу баба Нина а, белорусийн къомах йолу йоккхастаг Стася а, со а, сан нана а (маийтта къомах лаьтта доьзал), ткъа иштта нана оьрсий а, да гIалгIа а волу цхьа кIант а.

Оьрсийчохь эххар а кхета буьйлабелла цу кIиза тIамах лаьцна ойла хийца езаш хиларх. Амма цунна новкъарло йон официалан аьшпаш бутту пропагандо а, я тIеман зуламаш хьулдан гIертачу а, уггар хьалха республикера бевддачу доцу хабарш дуьйцучу эшам хиллачу нахаца цхьа а юкъаметтигаш йоцчу наха а.

Жеребцова Полинин нохчийн дневникаш
Жеребцова Полинин нохчийн дневникаш

Хиллачух кхета дита деза "цхьана агIон бакъдерг", тидаме эца беза маьрша бахархойн дагалецамаш. Ас хьехар до еша Яшуркаев Султанан "Царапины на осколках" а, "Воспоминание о Грозном" а. Еша Белоусова Валентинийн "Чтобы помнили", Эльмурзаева Мадинин 1995 шеран дневник, ткъа иштта Семенов Константинан "Грозненские рассказы".

Жеребцова Полинин сурт, 1995 шо
Жеребцова Полинин сурт, 1995 шо

Вуно нийса аьлла журналисто, бакъонашларъярхрчр Графова Лидияс: "Иза нах цкъа а къинтIера бевр боцу зулам ду". Цхьа сагIа юкъадоьлла бомбанашна кIеллара, гIуртана а,къапалгашна а юкъара бевлла Оьрсийчьурчу маьрша регионашка дIакхаьчначу нахана цхьа а гIо ца хилара пачхьалкхера: я кхача а, я хIусам а, я бедарш а, я пособеш а.

Буйсанаш яхара урамашкахь, шело лара текъелдинчу цIенойн чуволешкахь, депрессе лан буьйлалора дуккхазза а ямартло ларна. ГIалгIаша а, нохчаша а дIа ца тосу мел генара а шайн гергара нах: маьрша регионехь цIа хилча, уьш даима а гIо дан гIертара. Бисинчера хьал кхин а ледара дара, церан цхьа а сатуьйсийла яцара цхьанхара гIо кхочур ду аьлла.

Жеребцова Полина – яздархо-документалист, суртдиллархо

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG