ПIераскандийнахь Соьлжа-гIалахь даьгна 170 сов цициг а, жIала а кхобу цIа юхаметтахIотто шена тIелаьцна Firdaws модан цIийнан куьйгалхочо, мехкан урхалхочун Кадыров Рамзанан йоIа Кадырова Iайшата. Старопромыслан кIоштан префектан гIовса Абдулаев Мовсара бина и хаам журналисташка.
Маршо Радионо яздира, пIераскан Iуьйранна Соьлжа-гIаларчу дийнатийн хIусамах цIеяларх. Болчу хаамашца, 170 сов цициг а, жIала а хилла цу цIа чохь. Дерриш а кIелхьардаха аьтто кхаьчна орцанхой.
"Хиллачу бохамах шена ма хеззи, Кадырова Iайшата шена тIелаьцна гIишло тояр. Кест-кеста цига кхочуш, гIо деш яра иза хIинццалц а", - аьлла Абдулаевс.
2016-чу шарахь дуьххьара схьайиллинера Соьлжа-гIалахь "Надежда на жизнь" дийнаташна лерина хIусам.