ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сокуров: "Ахматовиче хеттарш дац сан!"


Оьрсийн режиссер Сокуров Александр
Оьрсийн режиссер Сокуров Александр


"Кавказ.Реалиин" автор Гармажапова Александра

Шена критика йинчу режиссеро ша къинтIера ваккхаре дог дохийла яц Кадыровн

"Нохчийн хаттарх" лаьцна кхин дIа дийца лаам бац гоьваьллачу режиссеран Сокуров Александран. Ала луург ша дIааьлла, шегара къинтIера вала бохург хезар дац Кадыровна. "Стенна бохур дара ас?". "Кавказ.Реалиига" иштта дIахьедина режиссеро.

Медийн шортенехь дашца тасавеллера Нохчийчоьнан куьйгалхо а, Сокуров а карарчу баттахь.

Адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонехь (СПЧ) президентна Путин Владимирна хьийхира режиссеро, Оьрсийчоьнан Турпалхочун мидалш дIасаекъаран барам хийцахьара ахь, хIунда аьлча, Оьрсийчоьнна дуьхьал тIом бинчу нохчаша уьш лелош хиларна аьлла.

Националист ву иза аьлла, оцу сохьта бехкбаьккхира Кадыровс цуьнгара. "Со президенте къамел деш вара, Кадыровга луьйш вацара" аьлла, шога жоп деллера Сокуровс.

Ткъа Путина дIахьедира: цкъа делахь, шен гIашлочунна "оьрсийн пачхьалкхан юкъараллан-политикан дахарехь дакъалацарна" баркалла а кхайкхош, Оьрсийчоьнан Турпалхо-м хIунда дуьйцура, Къинхьегаман Турпалхочун совгIат а хьакъ дара цунна аьлла.

Ала дашна, "Молох" кхоьллинчун дуьххьара чугIортар дац хIара: 2017-чу шарахь Нохчийчоьнна суверенитет яла еза аьалла, дIахьедира цо.

"Суна хетарехь, иза республика а яц, я Оьрсийчоьнан дакъа а дац. Ша къаьстина формаци ю иза. Шен эскар долуш, жигара исламизаци а, милитаризаци а йолуш, къизалла, сонталла хестош, реза цахилар а гойтуш, Конституци а, оьрсийн низамаш а ца лардеш", - аьлла, далхийнера режиссеро Петербургерчу "Фонтанка" интернет-газетана еллачу интервьюхь.

Шен ала дерг, аьлла ваьлла ша боху цо, юх-юха ца дийцича а. Шайн проблемаш шаьш нохчаша листа еза, коьртехь хьекъал, шен къоман дахаран терго ян хьуьнар долчара. Церан къам ду иза, церан шайн проблемаш а ю. Сан хIун бала бу? Даим а арарчу наха хьеха деза Кавказна, цо дан дезарг?", - ца кхета Сокуров.

Карарчу-баттахь медийхь хиллачу пинг-понгех дуьйцуш, тарло хьо оцу инциденто синтемех вохийна аьлла, шега "Кавказ.Реалиино" хаьттича, дог детIира режиссеран: "Цхьана хIумано ца вохийнера со! Лаа?".

Нохчийчоьнах лаьцна дийца "хала дац" шена боху Сокуровс. "Ас даим а дуьйцуш ду цунах лаьцна. Со цхьана хIуманах ийза ца лу дукха зама ю. Вуьшта дог керча сан оцу бух боцчу, маьIне доцчух дуьйцуш", - аьлла Сокуров Александра.

- ТIаккха стенна оьшуш дара СПЧ-н кхеташонехь "нохчийн тема" хьехо? - ца кхеташ хаьттира "Кавказ.Реалиин" корреспонденто.

- Цунах лаьцна шаьш шайга хатта, - элира цо. – Шуна оьшуш ма дац суна хетарг. Шаьш шайга хетта дуьйлалойша, оцу темех ойла а еш.

Кадыровга шена гечдар деха дагахь вац Сокуров. "ХIун динчунна? Ас юха а боху, со президентца къамел деш вара, цуьнга хIуммаъ а бохуш вацара. ХIун бехказлонаш? Юьйцург а хIун ю!- резавацар хьул ца дира цо, цунах лаьцна дийцар а сийсазе хеташ. – Цунах лаьцна дуьйцучу хенахь, шу шаьш а хьекъалх тилича санна хуьлу".

"Ахматовиче, я муха яьккхира ахь цуьнан цIе, сан хеттарш дац. Дукха хан ю сан церан доьзале хеттарш доцу. Дац, кхетий хьо", - дерзийра шен къамел режиссеро.

ТIетоха догIу, Сокуров воцург а, 2017-чу шарахь Нохчийчоьнан хиндолчух дискусси йолийра гоьваьллачу политико Гозман Леонида: иза а ву референдумехьа.

Гозман тешна ву, карарчу хенахь "дерриг а дика ду" бохуш, дIахьедахь а, "дерриг а ледара" дуйла гуш хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG