Адамийн бакъоларъечу дуьненаюкъарчу «Мемориал» центрна 400 эзар сом гIуда тоьхна Москварчу Тверан кхело, цо шен сайте хIоттийна «Советан пачхьалкхо тIехь террор латтийначу нехан» тептар «арахьара агент» олу билгало а йоцуш зорбане даккхарна. Оцу хьокъехь хаам бина «Мемориалан» юриста Иманова Тамилас.
«Арахьара агент» олу статус Центро тIецаэцарна а, кхин а цхьацца бахьанашца а массех таIзар дина цунна кхушара кхелаша. Шен таро яцарна, юкъаралло бахархошка дехна шена тIеэгийна ахчанаш дIадала гIодар. «Мемориална» кхушара диттина гIуданаш хьалакхаьчна 3,9 миллион соьме.