Яхначу буса Донбассехь украинхойн ши эскархо вийна, цхьаъ лазийна. Пачхьалкхан эскархойн штабехь бина цунах хаам. Масийттазза сепаратисташа тийналла йохош, минометаш а, пулеметаш а, гранатометаш а йиттира бохуш, чIагIдо цара. Штабехь билгалдаккхарехь, снайпер тоьхна вийна цхьаъ, шолгIачун машен мини тIехь иккхина. Цуьнца цхьана хиллачу цхьана салтичунна чевнаш йина. Хутор Свободный олучу кIотарна гергахь хилла ю и инцидент.
"ДНР" шех олучу республикерчу сепаратисташа дIахьедо, украинхойн тIемалоша яхначу буса 5-зза маслаIат дохийра аьлла. Донецкна гена йоццучу шахташна а, Коминтерново, Саханка олучу эвлашна а тIедиттинера герзаш. Сепаратисташлахь а, маьршачу бахархошлахь а хиллачу зенех дуьйцуш дац.
Бутт карабеачхьана Украинан малхбалехь маслаIат кхайкхийра, Парижехь дIаяьхьначу саммитехь хиллачу бертаца а догIуш. Делахь а, конфликтан шина а агIоно барт бохорна вовшашна тIетоьтту бехкаш.