Китайхь даьржина «коронавирус» ун Нохчийчу ца кхачийта гIерта Соьлжа-ГIалара аэропорт – санитараш хьаьвсича бен ца буьту махка чу арахьара хьеший. Ишта хаамбина РИА Новости агенталле могашаллин хьелех жоп лучу Роспотребнадзоран декъан куьйгалхочо Термулаева Ритас.
«Тепловизоршца термометрин зераш до оха пассажирашна, яздойту цаьрга тхаьш леррина хIиттийначу хеттаршна жоьпаш», - боху Термулаевас.
Цо дийцарехь, Китайхь ун даржарх йолу информаци дIакхачайо аэропортан санитарашка а, кхечу белхалошка а, юха-юха карла а йоккхуш. ХIуо цIандан хIиттийна ионизаторш ю, аэропортан доза а хадийна, мехкан латта тIе мел волучунна.
Нохчийчоьнан могашаллин министралло а бина кечам ун махка каьчна меттиг нислахь эша тарлучу сихонна.
Оцу юкъанна ша Китайно а йо уьнна шега ялуш йолу дуьхьало – вирус гучуяьлла гIала Ухань а, иза чуйогIу Хубэй мохк а бу ханна дIакъевлина.