БуьритIерачу килсехь дагалаьцна гIалгIазакхашна Iедало таIзардина 101 шо дузар.
«Хилларг дицдиначохь хиндерг дац, олу. Цундела хаа еза истори, йовзийта еза иза берашна, берийн берашна, тIаьхьенашна», - элира "Кавказ.Реалиига" Владикавказ станицин куьйгалхойх волчу Климов Виктора.
1919-чу шеран юьххьехь «цIечу комиссаран» Свердлов Якован омрица Къилбаседа Кавказера гIалгIазакхий литтина Советан Iедало, байина, махкахбаьхна иттаннаш эзарнаш. Къилбаседа ХIирийчуьрчу репрессешкахь билггал мел белла гIалгIазакхий хууш дац – цхьаццайолчу хьостанаша бахарехь, хила тарло 70 эзарне кхочуш.