ГIалгIайчохь дIаяьхьначу протесташкахь дакъалацарна лецначу жигархойн гIуллакхашка хьожуш йолчу "Неотложка" цIе йолчу волонтерийн проектан декъашхочух Аушева Асинатах талламамаш бина полисхоша, яздо "МБХ медиа" хьостано. Жигархочо бахарехь, нохчашна а, гIалгIашна а юкъахь цабезам гIатторна бехке йина иза, марехь хIунда яц бохуш, хеттарш а деш.
Волонтерийн проекто "экстремисташна ахчанаш латтадо" аьлла ницкъахоша. Экстремистийн юкъаралла вовшахтоьхна аьлла, бехкебен гIалгIайн оппозиционераш бу буьйцурш. Жигархочуьнгара дIаяьккхина телефон а, ноутбук а, компьютер а.
Маршо Радионо яздира шен агIонашкахь, Зазадоккху-беттан 26-чохь Магасехь митинг хIотторах, Нохчийчоьнца ГIалгIайчоьно дозанаш билгалдахарна дуьхьалбевллачу бахархоша. Гулбеллачара ишта тIедожийра, хIетахь мехкан урхалхочун декхарш кхочушдеш хиллачу Евкуров Юнус-Бекна, дарж охьадиллар.
ШолгIачу дийне яьккхинчу митинган протестхойн тасадаларш хилира полисхошца. Цул тIаьхьа леца болийра гIалгIайн жигархой.