2024-чу шарахь президент Путин Владимир я пенси вахана, я могIарера нах санна хила хьаьгна бу Оьрсийчуьра 33 процент нах. ХIора баттахь "Левада-центро" бечу талламийн жамIаш Iорадаьхна "Открытые медиа" редакцино. "Президентан хан чекхъяьлча, Путин Владимиран рол муха хила лаьара шуна?" аьллачу хаттарна жоьпаш лахьийна центро.
Бинчу хаттаман жамIех вистхилла "Левада-центран" директор Гудков Лев. ПутинI едалан коьртера дIавала луу нах оццул дукха бовларна ша цецваьлла аьлла, мукIарло дина цо.
Цунна хетарехь, гуш ду "адам гIелдалар" а, "2010-2011-чу а шерашкахь протесташ йолалучу хенахь хилла дог-ойла ситуацино дагатосуш хилар" а.
Делахь а, 2024-гIа шо чекхдаьлча а Оьрсийчоьнан президент Путин виса лууш болчийн терахь 27 процент ю. Ткъа 55% бу Путин цхьахйолчу урхаллан куьйгаллехь ган луурш. Билгалдаьхначу даржашлахь ду "Оьрсийчоьнан а, Беларусин а пачхьалкхийн Союзан президент", "премьер-министр", Единая Россия партин лидер", ишта "къоман официалан лидер", "Кхерамзаллан Кхеташонан секретарь".
Билгалдоккху, къаьсттина Путинехьа 55 шерел тIехбевлларш а, 18 шерашкара 24 шерашка кхаччалц болу кегийрхой а хилар. Оьрсийчоьнна а, цуьнан лидерна а дуьхьал къайлах барт бу беш бохуш, школашкахь дешархойн коьртеш чу и пропаганда йилларца доьзна лору Гудковс. Школашкара бевллачул тIаьхьа, лаккхарчу доьшийлаш чекхйохий, белхашка а хIуьттий, доьзалш болабой, цхьаммо а тIе а ца ийзош, шайн дахаран зеделларг гулдо цара, тIаккха хьежамаш а хийцало аьлла центран директоро.
39 - 55 шаре бовллалц болчу бахархошлахь дог-ойла яц Путинехьа.
Карарчу беттан чакхенехь бинчу талламашца, хаттам бинчу бахархошлахь 68 процент нах реза бу Путинан политикана. Ткъа дуьхьал ву 31 %.