ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан Конституцехь хийцамаш беш ю Нохчийчоь а


Оьрсийчоьнан Конституцехь хийцамаш барх дийцаредечу нохчийн юкъараллан палатано цхьа могIа керланиг хьехна, царна хетарехь, оьрсийн боллу бахархошна товр долу.

Хьалхарниг ду, 21 кхачаза болчу кегийрхошна туьканашкахь алкоголан маларш дохкар сацор.

Ишта хьехна, кхечу мехкан вахархочун паспорт хила пачхьалкхехь лакхарчу даржашкахь болчу нахана дихкина ца Iаш, церан зударшна а, хIусамдайшна а, чуьрчу гергарчарна а цхьана ца магийтар.

Дагадоуьйту, Федералан парламенте хIора шарахь ша бечу кхайкхамехь президенто Путин Владимира хьахийра, Конституцехь хийцамаш бан беза аьлла. Пачхьалкхан Думе цо кховдийна низаман проект тIечIагIйина депутаташа цхьабосса хьалхарчу этапехь карарчу беттан 23-чу дийнахь.

"Левада-центран" зерашца, оьрсийн бахархошлахь 47 процент нах тешна бу, президенто Конституцехь бан хьехна хийцамаш, 2024-гIа шо тIехдаьлча а пачхьалкхан урхаллехь виса лаарца беш бу аьлла. "Ведомости" хьостано Iорабаьхна шен агIонехь "Левада-центро" бинчу хаттаман жамIаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG